Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21
22
23
24
25
26 27 28 29 30

Къилбаседа Кавказехь полисхоша ницкъбарх рапорт арахецна "Iазапашна дуьхьалояран Командо"

0
Къилбаседа Кавказехь полисхоша ницкъбарх рапорт арахецна

Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахецна Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.

Масала, бинчу талламехь хаамбо, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьалойеш хиларх бехкзуламан гIуллакхаш доло. Иза нисло Оренбурган кIоштан статистикаца (85% дуьхьалояр) а, Краснодар-махкаца (90%) а.

Практикехь аьлча, нагахь санна, Къилбаседа Кавказан регионашкахь ницкъбарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долош делахь а,  цул хьалха талламчаша юккъерчу барамехь шозза дуьхьало йо гIуллакх дуьхьал айдан. Дустуш аьлча, Краснодаран кIоштахь гIуллакх доладалале хьалха ворхIазза дуьхьало йо, ткъа Оренбургехь – 11-зза.

"Оцу юкъанна гIуллакх долийнехь а, цо тоьшалла ца до даржхой жоьпалле озийна хиларан. Нагахь санна, кхечу регионашкахь тхан юристаш бехкечунна таIзар дайта гIиртинехь а, Къилбаседа Кавказехь цкъачунна аьтто хилла бац. Бакъонаш хьоьшуш хиларх кхочучу хааминй доккхаха дакъа Нохчийчуьра доллушехь, цигахь тхан дIахьедаршца дина цхьа а таIзар дац", - дийцира Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказан филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Лаьцначарна тIехь ницкъахоша дукха хьолахь латточу гIелонех ю царна буйнаш беттар (78% меттигашкахь 25 стагана тIехь йина и гIело), иштта ах бохург санна – 56 процент (18 стагана тIехь) – дуьйцург ду ток йеттийтар, 53% (17 стагана) йеттара мийрашца.  Кест-кеста ницкъбеш методаш лелийна цхьаьнаэдина – полисхоша йетта а, ток йеттийта а тарлора.

Доккхачу декъанна, билгалдоккху Вансловас, цхьа могIа статистикан хаамаш тера хиларо тоьшалла до ницкъаллин блокехь проблемаш хиларх.

Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъонашларъярхоша а, адвокаташа а дIахьедо, наркотикашна тIехула ийдеш долчу гIуллакхийн доккхаха долу дакъа шаьш полисхоша доьллуш ду, тIехула тIе кеп-кепарчу бахаьанашца.

Бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Команда" организацино зорбане яьккхинчу "Арифметика пыток: Краснодаран кIошт" рапортехь Кубань хьалхара регион ю пачхьалкхехь. Деа шарахь зенаш хиллачаьргара шайга кхаьчна дIахьедарш зийначул тIаьхьа дийцина эксперташа, ницкъахоша лецначарна тIехь полицин дакъошкахь гIело латтош хиларх, ницкъахоша царна тIедожочух, мел дуккха хан оьшу бехктакхаман гIулакхаш дуьхьалдаха.

Шена йеттарх а, низамехь доцуш 15 дей-буьйсий даккха карцер чу кхоссарх а латкъам бинчу Пираев Мохьмадна кхачочу компенсацин барам ХIинжа-ГIаларчу Кировскийн кхело 20-зза лахбира. Цо дехначу ахмиллионан метта цунна 25 эзар сом кхачийра.

СИЗО-хь латточу дагестанхойн "Черновик" газетан журналисто Гаджиев Iабдулмумина зорбане даьккхина, Дербентерчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша шегахь латтийначу гIелонех лаьцна шеца цхьана камери чохь волчу тутмакхан Мирзалиев Мирзалин дийцар.  Оцу публикацин хьокъехь Дагестанерчу адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Алиев Джамала махкарчу Талламан комитете таллам бар доьхуш, кехат дахьийтира.





Губернаторы России
Москва

Собянин: С 29 апреля по 1 мая парковаться на улицах Москвы можно будет бесплатно





Москва

Врач-гигиенист сети клиник «Мегастом» Ольга Жидких: как правильно ухаживать на полостью рта и зубов


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: парковка в Москве на майских праздниках будет бесплатной



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Филипп Киркоров

Киркоров и Пелагея спели для амурчан-бамовцев в Москве




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Депутат Московской областной Думы провела осмотр ФОКа в Волоколамске

«Спартак» набрал больше всех очков в играх с командами из верхней половины таблицы РПЛ

Олимпиада по финансовой грамотности МГУ проходит при поддержке СберСтрахования жизни


WTA

Кудерметова выиграла турнир WTA в Штутгарте в парном разряде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

В Подмосковье вступили в силу поправки по выдаче разрешительной документации



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России