Добавить новость
Главные новости Анапы
Анапа
Сентябрь
2019

Таррашца лата Iемаш бу кавказхой

0
Таррашца лата Iемаш бу кавказхой

Цхьана заманаш хьалха тур коьрта герз хилла лелла Кавказехь. ХIинца цуьнца лата Iемаш бу Къибаседа Кавказера спортхой. Амма атта дац таррашца лата а, оцу латарх спортан "керла кеп" ян а.

Кхо шо хьалха Къилбаседа ХIирийчохь дендан долийна таррийн сий. БуьритIерачу цхьана школан хьехархочо Кусаев Михаила (ала дашна, иза цхьа хан хьалха "Дог дIало берашна" олучу федералан конкурсехь дакъалаьцна ву) кхоьллира берашна, театрехь санна а доцуш, баккъал а таррашца лата Iамош йолу клуб.

Шен болх бора клубо, цуьнан зеделлачуьнца цхьаьна кхуьура берийн хаарш а. ХIинца клубан ву массех чемпион – Оьрсийчоьнан, Европан, дуьненан а тIехь.

Клуб шоръелла кхушара, яьржина ерриг а Къилбаседа Кавказехула: секци ю цуьнан Нохчийчохь. Клубо кечбо инструкторш ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополехь а, ГIалгIайчохь а.  Ткъа Оьрсийчохь таррийн спорт лела-м ю дикка хан –150 сов клуб ю таррашца лата Iамош.   

 

"Яц Кавказехь муьлха-муьлха спортан кеп яьржаш. Со дуьхьал вац охьатохарх лата Iемачарна, яц гамо футболца а. Бакъду, паргIат-охьатохарх латар яц къоман спорт. Футбол а яц вайниг, вайн къаьмнийн спорт. Вайн латар – гIодаюккъехь доьхкарш а долуш, цаьрца латар ду, амма иза ца даьржина вайлахь, Оьрсийчохь даржа новкъадаьллехь а", - боху Михаила.

Бераша шаьш къасто еза шайна еза спорт, тешна ву Михаил. Таррех латар шатайпа спорт ю, дегI а, кхетам а бахчабо, дуьйцу цо. Ткъа таррашца латар кхераме дац, цо бахарехь – полимерах дина ду тарраш, турсаш а леладо леташ.

"Министерстве а воьдий, дуьйцу ахь, и тайпа спорт ю, олий. Цецбовлий, хьуьйсу хьоьга: "И стенна оьшу вайн республикехь?" Ас жоп ло даима а, вайн махкахь берриг а кегийрхой бац леташ я футболах ловзуш, цхьаболучарна кхин спорт еза, олий. Урамашкахула эрна лела бераш схьалехьор ю тхан Iалашо. Тхоьца уьш ца хилахь, арахь хир бу, интернет чохь хир бу, цигахь дуьсу церан дахар хенан йохалла", - дуьйцу Кусаевс.

Таррех латар гIеххьачул даьржинехь а, хала даьржаш ду ХIирийчохь. Кхечу спортан кепашца доллу хьал ду цуьнца а: ахча дац, Iедалера гIо дац, харжаш йийраш берийн дай-наной бу, дIа ца яхало спорт тIаккха.

"Спонсорш бац тхан, хьал долучарна ца оьшу тхан спорт. Со спортхо-говзанча ву таррех леташ. Цундела гIерта таррийн кеп яржо а. Тхо дуьненан чемпионате доьлхуш, цхьана хьолахочо ша гIодийр ду бехира. Амма кхочуш ца дира делла дош. Шайна пайда хуьлучу гIуллакхе бен ца хьийсадо наха ахчанаш. Ткъа Iедало, бюджетехь ахча дац, олу", - леткъа Михаил.

Таррех лата Iемаш мел оьшу йийбар, гIирс шен ахчанах оьцу Кусаевс. Кредит эца а дийзира цуьнан оцу Iалашонца.

"Делахь а тахана хьалхачул тоьлаш ду тхан хьал. Дукха хIума ца тоахь а, тоьа тарраш, турсаш. Дукха хьолехь тхаьш бина гIирс а лелабо, амма иза къовсамашка бахьа мегаш бац. Лаьара цхьа дика, комаьрша совдегар махкахь каро – оха баркаллаш бохуш, вазвина вуьйцур вара иза массанхьа а. …Тхуна серло оьшура тхаьш Iемачу чоьнаш чохь. Тхо хьагна ду, тхаьш Iемачу кху метте а ца лелаш, тхешан йолчу йоккхачу зал чохь Iама – цигахь серло ледара ю", - дикане сатийсарца дуьйцу Михаила.

Кху муьрехь Анапе къовсадаларшка баха кечлуш бу таррех латархой. Оьрсийчуьрчу кегийрхойн ловзарш ду цигахь кеста дуьйлалуш.





Губернатор Краснодарского края Вениамин Кондратьев
Краснодарский край

Вениамин Кондратьев поздравил академика Людмилу Беспалову c присвоением звания Героя Труда России





Москва

Топ-5 самых ярких зарубежных архитектурных проектов на первичном рынке Москвы


Губернатор Краснодарского края Вениамин Кондратьев

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Краснодарский край

Вениамин Кондратьев поздравил Ейский район с вековым юбилеем



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Рахманинов

Концерт “Рахманинов под небом”




Спорт в Краснодарском крае

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Школьник из Ставрополя пробился в финал международного турнира по шахматам

Футболисты ЮФУ одержали три победы в домашнем турнире

Юные волейболисты Кубани выступили на Всероссийском турнире


Кирилл Скачков

Скачков и Тайлакова выиграли соревнования по настольному теннису на Играх БРИКС



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Українські новини

Відомий аграрій Кормишкін, складає свої депутатські повноваження



Частные объявления в Анапе, в Краснодарском крае и в России