Добавить новость
103news.com
World News
Октябрь
2019

«Хьо хьуо ву зудчуьнца йолу юкъаметтигаш нахала яха волавелларг». Кадыров шалхенаш лелорна бехкево блогеро Абдурахманов Тумсос.

0
Оппозицехь волчу блогеро Абдурахманов Тумсос рогIера видео яржийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане вист хуьлуш. Цо иза бехкево нохчийн гIиллакхашца шалхенаш лелорна.


Ши кIира хьалха видеош яьржира интернет-зIенашкахула, маре йоьдучу йоьIаца да воьлхуш а, шен нускалца къона майра, цуьнан мара ийзош, ловзуш а. Нохчийн гIиллакх дохорна и нах шен кхеташонехь емалбира Кадыров Рамзана. Цул тIаьхьа уьш цуьнга а, махкарчу бахархошка а шайна къинтIера бовлар доьхуш гайтира «Грозный» телеканало.


Абдурахмановс дагадоуьйту Кадыровна цо ша дуьххьара гIиллакх дохийна хилар.


"Ахь айхьа тIе ма дожийра хьайн накъостанна, Нажи-Юьртан полицин буьйранчина Гучигов Нажудна, ЗАГСе-хула (адамийн дар-даларш, доьзалш кхоллабалар тептара дохучу меттехула), тIе камераш а ерзийна, чекхвала. Дерриг а дуьне ма дийлира цунах. Ахь цунах «кху бIешеран бIаьрла ловзар» элира. Иза дацара нохчийн гIиллакх а, Iадат а сийсаздар? Вай, нохчий, цкъа а ма ца дуьйлу ЗАГСехула чекх. Доккха эхь ду иза, нохчийн оьмарехь цкъа а хилла доцург, амма иза долийнарг хьо хьуо ма ву», - боху Абдурахмановс шен  YouTube-каналерчу къамелехь.


Блогеро дагабоуьйту «Кадыров Рамзанан дог» программин чулацам.


"НТВ-н «Кадыров Рамзанан дог» программехула ахь гайтира дуьненна хьайнний, хьайн зудчунний юкъаметтигаш, хьайна иза мел дукха еза, хьо мел воккхаве иза карийна, бохуш. Ткъа хьан зудчо дуьйцура, хьо мел воккха романтик ву, ахь ша муха ловзайо, дагахь доццу совгIаташ а деш, хьуна ца деза ша басарш-подарш хьаькхича, бохуш. Иза данне а ма дац нохчийн амалшца догIуш», - цецвуьйлу Абдурахманов.


Блогеро харц ца во Кадыров, иза декхаре ву, боху, нохчашка гIиллакхаш лардайта. Амма нах Iамо шена лаахь, мехкан куьйгалхочо ша а лардан деза и гIиллакхаш, чIагIдо цо.


 


 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России