Уьнах ларлуш тоьхна карантин малъеш ю ГIалгIайчохь
Оцу хьокъехь омра арахецна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Белхаш бан йолалур ю бахархойн хьашташ кхочушден меттигаш, хIуманаш тоьгу а, юьтту а фирманаш, юристийн хьукматаш.
Шайн раже йоьрзур ю автовокзалаш, «Магас» аэропорт а. 400 квадрат-метре ца кхочу туканаш а, ерриг дарбан хIусамаш а юьйлалуш ю болх бан.
Делахь а, тIехь дуьсу вахархочунна маска лелор, 65 шарал воккхаверг сацавезар ву цкъачунна цIахь. ТIера ца долу сих-сиха дезинфекци яр а.
ТIаьххьарчу кIиранах коронавирус кхеттачу нехан терахь лахдала доьлла ГIалгIайчохь. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, цомгуш хиллачех 60% нах тобелла. Таханенна йолчу официалан информацица, COVID-19 хьакхаелла махкахь 2307 стагах.
