Добавить новость
103news.com
World News
Июнь
2020
1 2 3 4 5 6 7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30

Оьрсийчоьнан ши диполомат non grata кхайкхийна Чехино

0
Чехин премьер-министра Бабиш Андрейс пIераскана дIахьедина, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш шайн махкарчу кхаа политикна зулам дан кечлуш ю боху информаци харц хилла, иза яржийначу Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтан белхахошна бехк буьллу Чехино, аьлла.


ЦIе ца йовзуьйтучу оцу шина дипломато дезинформаци елла Чехин кхерамзаллин ницкъийн кара, боху премьера. Цунна бухахь бу, Бабишна гарехь, "Оьрсийчоьнан векалтан белхахой вовшашца тарлуш цахиларо гIаттийна къовсам". Ткъа хиллачо Оьрсийчоьнан сий дожадо чехийн юкъараллехь, талхайо шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.


Оцу бахьаница Чехера дIахьажош ву Оьрсийчоьнан ши дипломат. Бабишал тIаьхьа оццу хьокъехь къамел дина Чехин арахьарчу гIуллакхийн министра Петршичек Томаша а. Оьрсийчоьнан векалтера ши белхахо persona non grata кхайкхош вуйла оцу шина куьйгалхочул а хьалха хаийтира, шен хьосташна тIе а тевжаш, Чехерчу Hospodářské noviny агенталло.


Чехин дипломатин куьйгалхочо билгалдаьккхина, шен агIо Оьрсийчуьрчу коллегашца, инцидент гIара а ца йоккхуш, йижо гIоьртира, амма цара иза тIе а ца дитира, аьлла. Чехино ца яьлла боху дипломаташ махкара ара, иза кхеташ ю Оьрсийчоьно оццу кепехь шена жоп лур дуйла а, аьлла Петршичека.




Хиллачун хьокъехь яц цкъачунна комментари Оьрсийчоьнера. Йовзийтанза ю официалехь нон грата кхайкхийначу дипломатийн цIерш а.


Прагерчу кхаа куьйгалхочунна кIело ян тарло аьлла къамелаш даьржира хьалхо. Оцу хьокъехь Чехерчу прессехь хьахийра Оьрсийчоьнан дипломатин Россотрудничество урхаллин меттигерчу декъан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кончаков Андрей. Яздора, дипломато Праге рицин дIовш деана, бохуш. Ткъа Оьрсийчоьнан векалто а, ша Кончаковс а иза бакъ дац бохура.


Москва а, Прага а вовшашца гамйинарг дара дукха хан йоццуш Чехин коьртачу шахьарахь лаьтта Дуьненан шолгIачу тIамехь гоьваьллачу маршалан Конев Иванан хIоллам дIа а боккхуш, ЦIечу эскарца леттачу Власов Андрейн «Оьрсийн Маршонан Эскарна» (РОА) хIоллам хIоттор. Ткъа цул бутт хьалха Кремло ша резайоцийла хаийтира Оьрсийчоьнан векалт тIехь лаьттачу Прагерчу майданна Немцов Борисан цIе тилларна а. Прессехь дуьйцура, Прагехь и хийцамаш бина меттигера политикаш байа тарло, царна тIе ха хIотто деза, бохуш. Амма Чехин Iедало ца ехира я Оьрсийчоьнан а, я цуьнан дипломатин а цIерш.


Бакъду, Чехерчу журналисташа дуккхаза а яздина, шайн пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллашкарчу хьосташна тIе а тийжаш, Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтехь болхбеш дуккха а шпионаш бу, бохуш.




 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России