Добавить новость
103news.com
World News
Январь
2022

2001-чу шарахь кема дадийнарш лацар доьхуш суьде бевлла Оьрсийчуьра талламхой

0
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Транспортан урхалла Москварчу Дорогомиловн кIоштан суьде яьлла дуьхьал вацахь а лацар доьхуш 2001-чу шарахь Зазадоккху-беттан 15-хь Внуковон авиалинийн Истанбулера Москва доьду некъахойн кема дадош дакъалаьцна Дени а, Ирисхан а АрсаевгIара.


162 некъахо а, экипажан 12 декъашхо а тIехь волу кема дIалоцуш дакъалецира ир бина аьчкан сара карахь болчу Арсаев Супьяна а, цуьнан шина кIанта а – 19-сса шо долчу Денис а, 16 шаре ваьллачу Ирисхана а.


Кхероран акт йинчара доьхург дара Нохчийчуьра оьрсийн эскарш арадахар. Арсаев Супьяна дIахьедира, Нохчийчохь тIамехь шен гергарнаш байина, ткъа ша заьIапхо вина аьлла.


Дадийна долу кема охьахаийра Мединехь (СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь). Кема дIалоцуш тIелетар динчара чов йинера экипажан декъаошхочунна а, кхаа некъахочунна а. Дадийначу кеманна штурм еш СаIудийн спецназхоша вийра Арсаев Супьян, кхин а ши адам – стюардесса а, туркойн некъахо а йийра ларамаза.


"МК" газето дийцарехь, Оьрсийчоьнан экстрадици ца яйтаелира дIалаьцна волчу Денина а, Ирисханна а, Оьрсийчоьнна а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхана а юкхахь оцу хьокъехь бина барт ца хиларна.


СаIудийн Пачхьалкхехь Арсаев Дени чувоьллира 6 шаранна, ткъа Ирсханна туьйхира 4 шо.



Арсаев Супьян ваша вара Арсаев Асланбекан, 1998 – 1999 шерашкахь, Ичкерин Iедалехь шариIатан кхерамазаллин министр хиллачу.
1ADAT телеграм-канала бечу хаамца, Арсаев Асланбек дакъалоцуш вара стохка ГIуран-баттахь туркойн Корфез гIалахь реконструкци йинчул тIаьхьа Дудаев ЖовхIаран цIарах парк схьайоьллуш.
Арсаев дийцира цул тIаьхьа, ша волчу гергара нах баьхкинера аьлла, Нохчийчохь йолчу режимана критика яр дитар доьхуш. 1ADAT-а дийцарехь, цуьнан гергарчаьргара хIусамийн а, латтан а кехаташ дIадаьхнера Iедалша, Арсаев цаьрга сацавайта, иза ца дахь Нохчийчохь "уьш баха буьтур бац" аьлла.




 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России