Добавить новость
103news.com
World News
Ноябрь
2023

Кадыровн гергарчун гонера нахах шеконаш йу цхьа могIа зуламаш дарна - хьоста

0
Москвахь талламаш болийна "Кадыров Рамзанан [Нохчийчоьнан урхалхо] гергарчун гонерчу нахах", чIагIдо хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Официалан тIегIанехь а, кхечу хьасташкахь а оцу хаамна дина тоьшаллаш дац.


"ВЧК-ОГПУ" телеграман хаамашца, таллам беш бу стаг лачкъор, бертаза ахчанаш дахар, зуламан тоба кхоллар аьллачу бехкзуламан гIуллакхашкахула. Телеграм-каналан кхул а хьалха хиллачу постехь чIагIдарца, зуламаш дина Нохчийчоьнан а, Москван регионан а дозанаш тIехь. Стаг лачкъорал совнах, "низамехь доцуш иза маршонах хьегор, хаа а хууш, цуьнан могушаллина зенаш дар, ахчанаш дахар, къоладар, бахам лачкъор, шайггара бехктакхаман гIуллакхаш кхоллар, иштта дуккха а кхиндерг а ду" хIара.


Билггал маса стаг ву шеконашка эцна "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канална хууш дац, амма билгалдоккху, йу бохучу зуламхойн тобана "йукъахь хилар шуьйра го – полицин белхахой, нотариус, риэлторш". "Нохчийчуьра цхьахйолчу ницкъаллин структурашкара" лаккхарчу шина белхахочо куьйгалла дина боху церан. ЧIагIдарехь, уьш хила тарло ДенивегIеран ши ваша Аслан а, Руслан а.


Хьалхарниг – гIоьнча а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "йишин йа вешин кIентан тIедахкарш кхочушдийриг ву, йаздо телеграм-канало. 2020-чу шарахь Дениев Аслан хьахийра Ноьвран-кIоштан администрацин куьйгалхочо винчу денца декъалвеш, полисхочун Кадыров Рамзанца даьккхина сурт хIоттийнера цо постехь. "ВЧК-ОГПУ" каналан хаамашца, Дениев Руслан, Подмосковьера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу урхаллехь оперативан белхахо ву.


"ВЧК-ОГПУ-н" информацих лаьцна йина комментарий йац Соьлжа-ГIалахь.



Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелира, хIун динчунна седа белла – хууш дац. Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 20I8-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России