Iедало магийтахь Немцов Борис дагалаца дагахь бу цуьнан агIончаш
Оппозиционеран политик Немцов Борис дагалоцуш марш дIахьош хиларх хаамбина Москохан мэрига. Кху беттан 25-чу дийнахь дIабахьа билгалбаьккхина и барам, хаамбо Твиттерехь бакъонашларъярхочо Давидис Сергейс.
Акци вовшахтоха леринчара маршрут ехна Калужскан майданара Васильевскан басе кхаччалц, Немцов вийначу Москворецкан тIай тIе зезагаш а дохкуш.
Дахначу шарахь Iедалхоша магийтира акци дIаяхьа, альтернативе некъашкахь бакъо елира – булварашкахула Пушкинан майданера Сахаровн проспекте кхаччалц дIабаха.
ХIетахь а марш дIаяьхьира, цул тIаьхьа цхьаболу акцин декъахой политик вийначу меттиге гулбелира.
2015-чу шеран Москохарчу Доккхачу Москворецкан тIай тIехь вийра Немцов Борис. Иза верна бехкебечарна кхело стохка аьхка, набахте а хьовсош, сацам тIеийцира.
Дадаев Заурна 20 шо, вукху веанна 11 шарера 19 шаре кхаччалц хенаш туьйхира.
Мила хилла оцу зуламна тIехьа лаьтташ, хIинца а билгал даланза ду. Немцов гергарчарна а, цуьнан агIончашна а бехке Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хета.