Чемпионат йолалуш мехаш вуно хьаладевлла Оьрсийчохь
Масала, Москох дIадаханчу кIиранах кхо седа болчу хIешан хIусамехь де-буьйса даккхаран мах бара 6 эзар сом. Оршотан дийнахь дуьйна и мах хьалабаьккхина шозза-кхузза.
Изза хьал ду кхечу гIаланашкахь а.
Кхин а дазделла Оьрсийчохь кеманца дIасавахар. ХIара шо долалуш хиллачу юккъерчу мехашца дуьйтича, билеташ дазделла 6-7-зза.
