Умаров: Кадыровн цIарах шоуменаша пайдаэцар сацо деза
КхолгIа аьлча, вайн шоуменашна дехка хан кхаьчна тайп-тайпанчу шайн пиар-акцешкахь Кадыровн цIарах пайдаэцар", - яздина нохчийн министро.
Иштта цо билгалдаьккхина, Кадыров забарх кхеташ хилар а, Слепаковн агIор цо цхьана а кепара негатив йийр цахилар а.
Делахь а, сайгара эр дара ас, зен хир дацара Семенна Оьрсийчоьнан тобане а, Кадыров Рамзане а шена бехк ца биллар дехча аьлла, тIетоьхна Умаров Джамбулата.
Маршо Радионо хааме даьккхира, дуьненан чемпионатах лаьцна а, Кадыровх лаьцна а керла рогIера илли даьккхина хиларх оьрсийн забарчо Слепаков Семена. Фейсбукерчу шен агIон тIе оьллинера Слепаковс шен композици. Сюжетца а догIуш, дуьненан турнирехь оьрсийн футболан тоба эшна йисарна кхеравеллачу президенто Путин Владимира катоьхна кхеташо кхайкхайо. Командан тренер хийцича юьхIкIам хир бара аьлла тешначу цо Кадыров Рамзан хIоттаво цу дарже. Оьрсийчоьнан футболисташ кхерало, шайна Кадыров тIехIоьттича, хIетте а толам ца бохьу цара чемпионатехь. Ша эшарна къера хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо шен мехкан урхалла дан юхавоьрзу.
Социалан машанехь цуьнга ладоьгIначара, хIинца Кадыровна хьалха шена гечдар деха деза комика бохуш, комментареш йитинера.
