Салахь Мухьаммад винчу денца декъалвина нохчийн фанаташа
![Салахь Мухьаммад винчу денца декъалвина нохчийн фанаташа](https://gdb.rferl.org/D87FFB1B-066A-4A94-B82D-B9D6108CE4B9_w800_h450.jpg)
Мисарарчу футболан тобан лидер Салахь Мухьаммад винчу денца декъалвина Нохчийчуьрчу цуьнан фанаташа. Дашо бутса а югIуш, 100 кила торт елира цунна совгIатна.
Карладоккху, Дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна, "Ахмат - Арена" стадионехь матчна кечамаш беш ю Мисарара тоба. Де хьалха Уругвайра еанчу тобанца хиллачу ловзарехь ийшира Мисарара футболхой 0:1 чоьтаца.
Лазийначул тIаьхьа дикка меттаванза Салахь футболан майдане ца велира. Тренеро Купер Эктора ша кхоош ву иза аьллера, Петарбухахь 19-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тобанхошца хинйолчу матче ваккха.