Кхачан-сурсатийн мехаш бух боцуш хьаладаьхна карийна пркуратурана
Мехкан прокуратурано кхачан-сурсатийн базаршкахь бинчу талламашца эцархой Iехош меттигаш гучубаьхна. Шаьш юхкучун мехашца тилош хилла цара бахархой. Chechnyatoday.com сайто прокуратуран информацех пайда а оьцуш яздарехь, кхача-сурстаташна тIеязбина къаьсташ мехаш ца хилла йохкархоша. Масала, Ноьвран а, Нажин-Юьртан а кIошташкахь туьканийн долахоша хIиттийначу мехел а сов доккхуш хилла йохкархоша.
Роспотребнадзоре талламаш бан хьажийна прокуратурано 101 материал.
Нохчийчохь хIора шарахь Рамадан бутт бовш мехаш хьаладоху. Йохкархоша шайна продукци латториш бехкебо.