Соьлж-ГIаларчу маьждиге рузбан ламазе гIур бу Мисаран футболхой
Футболан дуьненан чемпионат йоьдуш Соьлж-ГIалахь дIатарйинчу Мисаран тобанан футболхой рузбан ламаз дан гIур бу Нохчийчоьнан коьрта гIаларчу коьртачу маьждиге. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.
Цу хеннахь, Мисаран юкъаралла бахьанаш лоьхуш ю шайн тоба цу чемпионатехь эгIаза ловзуш хиларан, яздо Кавказ.Реалиино.
"Аль-Мысри аль-йоум" газетан авторна хетарехь, коьрта гIалат дара Мисаран футболан тобано чемпионат дIайоьдучу юкъана футболхой Iаш болу меттиг Соьлж-ГIала харжар.
Чемпионат йолаелчхьана мисархой шозза эшна – Уругвайн а, Оьрсийчоьнан а футболхошна.
Мисаран журналисто дийцарехь, Соьлж-ГIала дукха гена ю чемпионатан ловзарш дIахьочу кхечу Оьрсийчуьрчу гIаланашна. Мисаран футболхойн дезаш хуьлу кеманца дукха гена некъ бан. Цундела футболах ловза арабевлча уьш кIадбелла хуьлу.