Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2018

Адамаша адамаш диина гIайре

0
Адамаша адамаш диина гIайре

Филимонов Андрей

Назино юьртара трагеди. Оьрсийчоьнан XX бIешарера къиза сурт. Паччхьалкхо шен набахтешкахь латтийначу Iазапах тоьшалла. 1933-чу шеран бIаьста Обь хица лаьттачу гIайри тIехь мацалла велла пхи эзар гергга тутмакх. Царех цхьа дакъа диина вукху декъо. Наха гулдинчу ахчанах тутмакхийн хьомара хIинца килс ю юьллуш Назинохь.

Революци тоьлча йоьхна хилла паспортан система меттахIоттийра Советан Iедало 1930-гIачу шерийн юххьехь. Иза юкъайоккхушехь леца болийра гIаланашкахь "паспортан раж" йохийна нах. Кампани йолийнарг яра Пачхьалкхан Цхьаьнатоьхна Политикан Урхалла (ОГПУ). Сибрех кхин а 3 миллион бахархойх юза Iалашо яра Компартин.

Ягода Генриха хIоттийна, Сталина къобалйина, Политикан Бюроно низаме ерзийна, кхочуш ян йолийра Сибрех, Казахстане, Геранчу Малхбале нах хьийсабе план. Болх дIабахьар шена тIедиллинчу милицино кисинахь паспорт мел доцург вуьгура урамера лоций. Лецнарш, хьелий дIасалелочу вагонаш чу а буттий, кхачабора Новосибирске, цигара – хинкеманашца Обь хица хьала, охьа.

1933-чу шеран бIаьста Назинорчу бахархошна гира шайн юьрта йистехула доьдучу Обь тIерачу гIайри тIе дIагулбина нах. Тиша дара царна тIера духар.

"Шу стенна далийна кхуза? – Хаьттира оха цхьана кIанте. Цо жоп делира: "ХIуманна а ца далийна. Со Москох студент вара. Мукъаденошкахь цигахь еха дейиша йолчу воьдуш. ДIа а кхаьчна, дейишин неI етта со волалушшехь, еъначу милицино дIавигира. Сайца паспорт дац аьлла лецира". (Назино юьртарчу Былина Феофилин дагалецам)

 Цкъа иза Новосибирске ваханера, базара кхечира. ЦIеххьана гобира милицино, карахь документаш доцучаьрца дIавигира

"Новокузнецкера Сальников Кузьма Антонович (вина 1911-чу шарахь) шахтехь болх беш вара, ши бер а, зуда а  дисира цIахь. Базара ваханера иза. Гобира, лийцира паспорташ шайца доцурш. Берраш а – зударий, бераш, божарий – бурамца Назинорчу гIайри тIе охьабехкира. Юуург ца лора. Мацалло балелецира нах. ГIайренна уллехула шаьш тIехбовлуш, гIаролхоша бепиг кхоссар доцург, юуург яцара луш. Катоьхна бепиг схьалаьцнарг тоьлура, цалаьцнарг – меца вуьсура. Вада воьллачунна тоьпаш тухура. Сальниковн аьтто белира гIайри тIера вада. Хих а ваьлла, нахана тIекхечира иза. Веддачул тIаьхьа белхаш бира цо колхозашкахь". (Усть-Тым юьртарчу Панова Верин дагалецам)

"Тайп-тайпана нах бара цигахь. Паспортизаци йоьдучу заманахь милицино Томскехь лецна, балийра уьш. Томскера прокурор а веанера. Цуьнан ши кIант а хиллера лаьцна, кхуза валийна. Нах шайца паспорташ а доцуш арабовлура, катухий, лоцура милицино. Оцу прокуроро-м дIавигира шен ши кIант". (Алексея Вогулькинан, Назинорчу вахархочун дагалецам)

​Назино а, гонахарчу ярташка а яхара 1980-чу шерашкахь "Мемориал" юкъараллан Томскерчу декъера экспедици - Кандыба Николай, Шахтарин Георгий, Фаст Вильгельм. Бахархоша дийцира шайна дайшкара, наношкара хезнарг.  

– 1989 шеран аьхка дара иза. Томскехь хинкема а лаьцна, къилбаседанехьа некъ болийра оха, - дуьйцу Шахтерин Георгийс. – Назино юьртанна дуьхьаларчу гIайри тIе тхо диссича, лекхачу бацалахь схьагуш дацара хIумма а. Делахь а, лелларг хууш долчу тхох хорша юьйлира. Тхуна хезнера кхузахь 1933-чу шарахь льттинчу Iазапах лаьцна. Иза хууш воцчунна-м ю хIара Сибрехан хаза маьIиг, тайна Iалам.

- Назинорчу бахархошка хиттинчаралахь шу дуьххьара ду. Оцу хенахь дийна хилла цхьаболу тешаш. Атта дарий цаьрга мотт бастийта?

- Хала дацара. Цара лаа а лууш дуьйцура. Советан заманахь Александровский кIоштахь лелла Iаламат инзаре хIума ма ду иза. ГIайрех "Людоед" ("Адамаш дуург"), "Смерть-Остров" ("Iожалла-ГIайре") олу цигахь массара а.

"Тхан хIусамехь веана стаг тIеоьцу чоьнаш яра. Колхозо декхаредора тхо вогIург тIелаца. Цигонаш баьхкича – уьш а тIеоьцура. Ас квитанцеш яздора, маца, мила веана, колхозо тхуна ахча охьадуьллура. Лецна балийнарш а нислора оцу нахалахь. Цкъа Iожалла-ГIари тIера цхьа йоккха стаг а кхечира тхоьга. Иза тутмакх йина ялийнера. Зудчун когаш пхьидарчий а йоцуш бара. Ас хаьттича, цо элира: "Iожалла-ГIайри тIехь дIахедийна сан уьш, дIа а хедийна, еттина йиина". Дерриг а дилх дIадаьккхинера. Цундела когаш шеллуш яра йоккха стаг, царех горгамаш а хьерчийна лелара. Йолалуш яра. Хеталахь а, къена яцара иза-м – 40 шарал сов хир дацара". (Назино юьртарчу Былина Феофилин дагалецам)

– Уллехь лела и къизалла муха тIеоьцура шун юьрто?  

– Шек а йоцуш. Наха мангалш беттара, юьртан бажа, хих болий, цига бажа боьдура. Массарна а хааьра цигахь хIун ду. Массара а дуьйцура, цигахь адамаш дуу бохуш. Тхан юьртахошна иза цхьана заманахь лелларг бен а дац.

Экспедицига юьртарчу Панова Марияс динчу къамелера.

– ГIайри тIехь адамаша адамаш диина бохуш ма дуьйцу?

– Дера диина. Зударий диттах а боьхкий, накхош дIахедош хилла, пхьидарчий дIахедош хилла.

– Когий пхьидарчий?

– ХIара, хIара кIеда меттигаш?

– Цигара жижигаш дуура?

– Цара, цIергахь а кхорзуш, дуура. Мацалла яра, кхетий хьо, мацалла.

"Уьш хьан ларбора, ца хаьа суна, цхьаьнхьа а ца бохуьйтура, болх ца бойтура, яа хIума а ца лора. Тхан керт яра, доккха ков а долуш. Ков къовла стенна оьшура? Кхо доьзал бехара кертахь, бежана дацара, хIумма а яцара тхан… Цундела ков а ца къовлура. Iуьйранна араваьлча, кертан йистонца Iохкуш шортта декъий хуьлура, ког баккха меттиг йоцуш. ГIуркхаш санна, Iохкура. Тхо бераш, чохь хевшина Iа, уьш корах чугIерта: леш ву, гIо дайша, охьавужу – дIавели". (Усть-Тым юьртарчу Наумов Александран дагалецам)

​Паспорташ шайца цахиларна лецнарш боцуш, рецидивисташ-зуламхой а бара тутмакхашлахь. Царех мелла а гIорадерш бара дуьххьара адаман жижигах чам баьккха буьйлабелларш.

Александровск-Ваховон комендатуран белхахочуьнгара, гIаролхочуьнгара Карагодин Андрейгара даьккхина даре ду Томскерчу "НКВД-н талламан набахти" олучу музейн фондашлахь. ГIайри тIехь ша болх бина 50 шо даьлча дийцина цо шена цхьа тутмакх левечу меттехь хезнарг:

"Уллерчу чоьнаш чохь Сибрехан лагеран (Сиблаг) комисси яра. Шогга аз делира: "Охьаховша!", лебан болийра нах. Со кхийтира, гIайри тIехь хилларш буйла лебеш.

–Дийцал, Гвоздев, бакъ дуй ахь цомгушчийн, лешболучийн цергаш яьхна бохург?

– Бакъ ду.

– Стенна яьхна?

– Деши беттанаш гулъеш.

– Стенна?

– Томканах хийца. Цигаьрка оза ма лаьий. Вахтераша хIора дашо цергах синаркийн бетта чохь томка лора, цигаьрка ян дийнна газета а лора.

–Кхетта… Дукха ехарий ахь цергаш?

– Оьшшучул ехира-кх. Гулъеш-х вацарий со. Томканах хуьйцура ас, айса а узура, накъосташна а лора.

– Дика ду. Кхетта. ХIинца ахь дийцал, Углов. Бакъ дуй ахь адаман жижиг диина бохург?

– Бакъ дац. Ас доIаххий, дегнашший бен ца дуура.

– Муха дуура, ма-дарра дагалацал.

– Ас хIун дуьйцур ду? Шашлык санна, дуура-кх. Диттах сара боккхура, шампур йора, цунна тIе а дузий, цIергахь кхорзура-кх.

– Хьенан жижиг дара ахь дуург? Беллачийн я дийначийн?

– Стенна дууш ду беллачийн. Къеелла хIума яц иза? Ас я белла а, я дийна а боцурш хоржура. Ши-кхо де далале дIакхочур вуйла гуш хуьлура. Цунна вала атта хир дара-кх. Хан токхучул, кхин а шина-кхаа дийнахь бала ловчул".

Назинера Iазап гIарадалаза дуьсур дара – мила тешар ву боданечу бахархойх? – нагахь санна шен лаамца хилларг талла Величко Василий ца волавеллехь. Нарымехь партин комитетехь инструктор хилла иза. 1933 шарахь цо Назино юьртанна гергахь лаьттинчу Iожаллин набахтех лаьцна, меттигерчу бахархошкара тоьшаллаш а дохуш, яздина, кехат дахьийтира Сталине, Новосиберскерчу куьйгалхочуьнга Эйхе Роберте, Нарымерчу хьаькамашка. Ткъа ша хьаннашкахь эха шарна къайлавелира.

Цо цхьайтта агIонтехь яздина и кехат, Iорадаьлла 1994-чу шарахь. ("Спецпереселенцы в Западной Сибири" (Новосибирск. 1994)

Велочкон кехато йоккха гIовгIа эккхийтина хилла Москох, Компартин куьйгаллехь. 1933-чу шеран гурахь Назино Сиблагера комисси еъна талла. Бакъ дуйла хиина Величкос яздинарг. Кехатан автор партин инструктор волчуьра дIаваьккхина. Цунах тIаьхьа журналист хилла, тIом бина Берлине кхаччалц.  Къахьегна журналистикехь, арахецна массех книга, амма Назинорчу Iожалла-ГIайренах дош яздан а ца ваьхна.

 

          

- 1933-чу шарахь лаьттина Iазап иэсехь дисийта лаьа тхуна. Оха нахера ахча а лахьийна, килс ян йолийна стохка. Бехк а боцуш хIаллакбинчийн хьомара. ГIайри тIехь йоьгIначу жIар хьалха зезагаш дохку оха хIора шарахь. Амма кхушара аьтто ца белира – хи дистина, гIайри бухахь ю цкъачунна, - дийцира журналисташка дукха хан йоццуш Назино юьртан администрацин куьйгалхочо Штатолкин Валерийс.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ





Москва

Юлия Пересильд, московский Театр на Таганке, ММОМА – участники 3-его фестиваля «Территория. Красноярск» раскрывают грани современного искусства


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Песня

Театр «Сказка» приглашает на грандиозное театральное шоу «Песни первых птиц»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике


WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России