Нидерландехь доьхкуш ду никъаб а, паранджа а лелор
Дийцарехь, низам болхбан долалур ду тIедогIучу шеран юьххьехь. Немцойн DPA агенталлан зерашца, Нидерландашкахь 400 гергга бусулба зуда ю юьхь хьулйина лелаш.
Байначу баттахь никъаб, паранджа а, бурку а йихкира Данин парламенто а. Цул хьалха яххьаш лечкъо духарш ца магийра Австрин, Белгин, Францин, цхьайолчу Швейцарин а, Испанин а, Канадерчу Квебекан а кIошташкахь а.
