Миллион ахча диинчу хьаькамна кхел йийр ю Нохчийчохь
ТIеман а, къинхьегаман а ветеранийн пансионатан хиллачу куьйгалхочо 2014-чу шарахь шен даржах пайда а оьцуш, шен стуненаца контракт дина хилла пансионатан офисна аьлла, цуьнан хIусам лоцуш санна. Оцу юкъанна къаьстина, шина шерачохь ша лаьцначу хIусамах цо пайдаоьцуш цахилар, делахь а, ахча шен-шен хенахь дехьадоккхуш хилла стуненан чоьта тIе, дийцина Талламан комитетан белхахоша.
Долчу зерашца, бехкевечо оцу заманчохь шен стуннанна кхачийн 1 миллион 68 эзар сом. Баккхийчу барамашкахь ахчанаш дайарна бехкевеш, бекхузаламан гIуллакх даьккхина цунна дуьхьал.