Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2018

Мотт а, Республика а

0
Мотт а, Республика а

Черкес Лариса

 

Къаьмнийн меттанаш Iамор берийн лааме дуьллучу низамо гойту Оьрсийчоь федерализмах мукъаяла гIертийла, аьлла хета ГIебарта-Балкхаройчуьрчу жигархошна

200 гергга гIебартойн а, балкхаройн а интеллигенцин векал вовшахкхийтира Пачхьалкхан Думехь тIеоьцуш долу "меттанийн низам" шайна товш доцийла хаийта. Шаьш кечйина резолюци гуламо дIасахьажийна федералан а, меттигерчу а Iедалшка. Барам дIабаьхна Нальчикерчу Къилбаседа Кавказан урхаллин академехь.

Академин проректор Хараев Феликс хьалха а волуш гулбеллачу политикаша, филологаша, бакъоларъярхоша, мехкан кхиболчу жигархоша хаийтина шаьш "Дешарх" долчу, ненан меттанаш Iамор берийн а, церан дай-наной а лаамехь дуьтучу федералан низамна резадоцийла. Прессо бечу хаамца, шозлагIа кхаьжнаш а тесна, низам тIеэцна даьлча, республикашкахь берашна ненан мотт хир бац Iамош кIиранах цхьана сахьтехь бен.

Низам меттанаш хIаллакбан арадоккхуш ду, шаьш цунна реза дац, бохура ГIебарта-Балкхаройчоьнан Бакъоларъяран центран куьйгалхочо Хатажуков Валерийс, филологин Iилманийн докторо, мехкан яздархойн кхеташонан декъашхочо Хакуашева Мадинас, адыгийн юкъараллийн кхеташонан куьйгалхочун гIовсо Чеченов Муаеда, мехкан яздархойн кхеташонан декъашхочо Бегиев IабдуллахIа, дуккха а кхечара. Царалахь вара Iамеркан Штаташкарчу Нью-Джерси гIалара леррина гуламе веана чергази Кереф Мамдух а. Къамелашкахь дакъалецира мехкан шина депутато а – Азикова Светланас а, Паштов Бориса а.

"Кавказа.Реалиица" къамел динчу гуламан декъашхочо, "Жьэгу" юкъараллан лидерех йолчу Эфендиева-Бегрет Ольгас хаамбарехь, гуламхоша хадийна мах цхьаъ бу: низамо этноцид яржайо, цо бохьу бохам буста тарло Оьрсийчоьно I9-чу бIешарахь чергазий бохийна-баржорца хIоттийначу геноцидца.

"Къамелаш доггах дора, низамах шайна хетарг массара а элира ца кхоьруш", - боху Эфендиева-Бегрета. Цо дийцарехь, гуламе бахкинчу балкхароша а дагалоьцура, низамца дузуш, шайн къам I940-чу шерашкахь махкахдаккхар.

"ГIебартойн конгресс" юкъараллан хьалханчас Бешто Аслана а довзийтира "Кавказ.Реалиина" гуламехь шена хезнарг а, шена хетарг а. Шена новкъа ду "низамаш лелачу пачхьалкхехь хила торуш доцург Оьрсийчохь хуьлий схьадогIуш, юкъаралло пачхьалкх нисъян езаш хилар", элира цо.

"Республикаша Пачхьалкхан Думе хьовсийначу депутаташа шаьш, кхолла а далале, цо зирх хецале, юхатоьхна хила езаш яра оцу низаман проект. Шаьш республикаш а яц къаьмнийн меттанаш, синбахам Iалашбархьама кхоьллина? Меттанаш буьсуш ца хилча, республикаш тенна оьшу? Республикаш дIайовлуш хилча, церан царх охьахевшинчу депутатех а хIун до? Халкъашна кху хьелашкахь шаьш муха даха деза ойла ян езаш ду-кх хьал", - цецвуьйлуш дуьйцура Бешто Аслана.

Бештос дийцарехь, гуламе баьхкина меттигера депутаташ а бара мехкан кхечу жигархойн даггара – цара а хаийтира шаьш низамна резадоцийла. Делахь а, ойла кхоллало, боху "ГIебартойн конгрессан" лидеро, къаьмнашна шайна деш лаьтта зулам ма-дарра ца гуш, шаьш муьлхачу хьелашка кхачош ду цара ца кхетош санна.

"Кавказ.Реалиина" интервью еллачу филологин Iилманийн докторо Хакуашева Мадинас дийцарехь, къаьмнийн жигархойн аьтто баьлла гомхадевллачу къаьмнийн берашна ненан мотт Iамор тIехь дитийта. "Лаамехь ду къаьмнийн меттанаш Iамор и меттанаш шайн боцчу берийн. Амма юкъаяьккхина "оьрсийн мотт ненан мотт санна"боху термин, "оцу гурах бераш кIелхьардаха деза, ненан меттан меттиг оьрсийн матто дIалацале", - боху Iилманчина-филологна.

Хакуашевана хетарехь, Пачхьалкхан Дума кхетайоьлла ша кечдинчу низамна дукха нах резабоцийла. "Оха меттанашна тIе куьйгаш кхоьхьуйтур дац, низам демократин, нийсонан хорша дерззалц къуьйсур ду", - элира цо.

"Кавказ.Реалиица" къамел дина "ГIебарта-Балкхаройчоьнан бакъоларъяран центран" куьйгалхо Хатажуков Валерий цецвуьйлу: низаман проектан авторша, шаьш тергоне оьцур ду наха резабоцуш дуьйцург, аьлла, ткъа стенна доккхуш ду "меттан низам" депутатийн шолгIачу ладегIаршка, дIа хIунда ца кхоьссина дийца а доладале?!

"И хIун ду? Суна хетарехь, адам ледина, ледина, къардан бохку", - элира Хатажуковс.

"Нальчикехь гулбеллачара шайн позици хийцалур йоцийла хаийтина. Низам данне а ца догIу Оьрсийчоьнан конституцица, иза сихха дIакъовла а деза", - аьлла хета школашкахь оьрсийн мотт ненан метта хIотто гIертачу политикашна резавоцчу  Хатажуков Валерийна.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин: Центральной детской библиотеке имени Гайдара — 90 лет





Москва

НАШИ ВСТРЕЧИ ТУСОВКА Я ЮРИЯ В


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: На северо-западе Москвы открылся волонтерский центр «Доброе место»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Джиган

Григорий Лепс, Мот, Seville, MIA BOYKA, Джиган и другие гости презентации нового альбома Юрия Киселёва «Иду за мечтой»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве

Первое историческое ралли в Москве 2 июня 2024


Даниил Медведев

Даниил Медведев назвал трёх людей в истории тенниса, с которыми хотел бы поужинать



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Более 30 компаний из Нижегородской области пришли на первую встречу регионального сообщества инклюзивного бизнеса «Открыто для всех»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России