Нохчийн 600 йиш а, мукъам а чулоцу гулар ю арахоьцуш Нохчийчохь
Нохчийчохь кху шара арахоьцуш ю 600 нохчийн йиш а, мукъам а чулоцу гулар. Цу арахецарна юкъахь хир ю тексташ а, ноташ а. Проектана Iуналла деш ю республикера Халкъан кхоллараллан центр.
Нохчийчоьнан културан министро Дааев Хож-Бауддис дийцарехь, тайп-тайпанчу композиторийн кхолларалла гулъярца боьзна болх болийна 2018-чу шарахь. Нохчийн композиторш кхоьллина иллеш а, мукъамаш а дIаяздеш ду ноташца.