Эзарнаш бахархой ток йоцуш буьсуш бу Нохчийчохь
23 гергга эзар вахархо ток йоцуш висина Нохчийчохь. Бахьана ду трансформатор болх бечура сацар.
Тоьках дIахаьдда Хьалха-Мартан кIоштара цхьамогIа эвланаш, хаам бо "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан векалшна тIе а тевжаш.
Ток йоцуш йисинчу меттигашкахь хIаваан температура ю 0 градус.