Ши стаг вийна Нохчийчохь некъахьовзамехь
Ши стаг вийна, кхин а виъ лазийна Нохчийчохь Lada Kalina а, Mercedes а вовшахкхетарна. Цунах лаьцна ТАСС агенталлана хаам бина республикерчу некъан полицин урхаллан векало.
Бохам хилла Хьалха-МартантIера Мартан-чу боьдучу некъана тIехь. Болчу хаамца, делларг ду зуда а стаг а. Кхин а виъ стаг чевнаш хилла ву, шайна юкъахь ши шо кхачаза бер а, кхиазхо йоI а йолуш.
Полицин векалша билгалдаккхарехь, некъахьовзам хиларан бахьана хила мега цу шина машенах цхьаъ техникан кхачамбацарш долуш хилар.