Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2019

Бусалба нехан терахь десташ дуй Оьрсийчохь?

0
Бусалба нехан терахь десташ дуй Оьрсийчохь?

Хенан йохалла мел дукха хир бу бусалбанаш Оьрсийчохь? Кеп-кепара ю экспертийн прогноз, делахь а цхьаъ ду билгалдолуш – алсамдер ду бусалба нехан терахь.

15 шо даьлча Оьрсийчоьнан бахархошлахь 30% хир бу бусалба нах, цундела тIеоьшу иттаннаш маьждигаш, дIахьедина Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхаллин куьйгалхочо Гайнутдин Равила "Оьрсийчуьрчу исламан истори: патриотизман ламасташ а, юкъахь дахар а" цIе йолчу Пачхьалкхан Думерчу конференцехь.

"2050-гIа шо тIедале кхачор бу Оьрсийчоьнан бахархой"

"Оьрсийчоьнан яккхийчу гIаланашкахь вайна вуно чIогIа оьшу иттаннаш маьждигаш а, царна гонах хила еза синбахамаллин, дешаран инфраструктура а, вай кечдала деза кхуьуш йолу бусалба тIаьхьенаш массарна а юкъара долчу пачхьалкхан ламастийн декъа йига", аьлла Гайнутдина.

Оццу барамехь шена хета терахь далийна Бусалбанийн урхаллин куьйгалхочун гIовсо Мухетдинов Дамира – 2050-чу шарахь Оьрсийчоьнан бахархойх ах дакъа хир ду бусалба, бохура цо.

Оьрсийчуьрчу керста килсийн Доьзалшкахула, наналлехула, бераллехула йолчу комиссин куьйгалхо Смирнов Димитрий тIетайра Мухетдиновна. " Хила а тарло и терахь оццул. Бусалбанаша алссам до бераш. ГIезалой а бац ас буьйцурш – бу кавказхой. Нохчийн а, гIалгIайн а доьзалшкахь бархI-бархI бер ду. Оьрсийчоьнан бахархой кхачор бу зама 2050-чу шаре лестича. Кхузахь дехаш кхин къаьмнаш хир ду: чеченаш ("нохчий"– МР), гIалгIай, Iаьрбий", элира Смирновс тIахьо, ша "Говорит Москва" ("Къамел деш ю Москва") радиона еллачу интервьюхь.

Терахь дестийна ду

Говзанчашна терахьаш дестийна ду аьлла хета. Европан Университетан (Петарбух) профессора Абашин Сергейс карладоккху хьал: Оьрсийчуьрчу бахархойх 11-13% бу бусалба (16-19 миллион стаг). И терахь хан яьлча кхин тIех дестар а дац, боху цо.

"Царалахь дукхахберш гIезалой, башкираш, кхидолу къаьмнаш ду, ткъа церан доьзалш баккхий бац, лекъаш бу, оьрсий а санна.  Цундела бусалбанийн терахь цIеххьана дестар ду ала дац. Хьалха дуьйна алссам дебачу къаьмнашлахь  (кавказхошлахь) а го доьзалш лекъаш. Урбанизацин, миграцин, кхидолчу хьелийн битамаш бу уьш", элира Абашина "Кавказ.Реалиига".

Цу тIе, боху эксперто, бусалбанех берраш а бац шайн динца лелаш – царех цхьаберш я кхечу динашка буьйлу, я атеизме боьрзу.

Юккъерчу Азера схьаоьхучу мигранташа даиманенна ца дузу Оьрсийчуьрчу бусалбанийн терахь, и нах белхан дуьхьа лела пачхьалкхе, бахкаре терра, шайн цIа а боьлху, царех Оьрсийчоьнан бахархойн чкъор хуьлийла а дац. Иштанаш 4-4,5 миллионе кхоччуш бу, церан терахь хан мел йолу а лахло, уьш хийра, юьстахара балласт ю аьлла хета профессорна.

Цунна гарехь, этникан, динлелоран принцип цхьана доккхачу маьIне дуьллу Оьрсийчуьрчу политикаша, амма иза кIадбоцург ду.

"Терахьех политикан гIирс бина. Масала, Оьрсийчоьнан Керста Килсо олу, 80-90 миллион керстанаш бу пачхьалкхехь, ткъа "дицдо" оцу нахах цхьа жимачу дакъан бен динца гIуллакх Iотталуш а дацар. ХIора динан лидерна лаьа шен уммат доккха ду аьлла вазвала. Терахьашца естайо цара шаьш политикехь, финансашкахь, вастийн дозаллехь йоккху са", боху Абашина.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный





Москва

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

В Зеленограде появится производство альбумина и иммуноглобулина — Собянин



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Жанна Агузарова

Певица Агузарова станет специальным гостем премии МУЗ-ТВ




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве


Ролан Гаррос

Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Кардиолог Васильев рассказал, что орехи и рыба помогут пожилым людям защитить сердце



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России