Паьнгаза: Ша вийначу нохчочун Мачаликашвили Темирланан шича лаьцна гуьржийн Iедало
Лаца баьхкинчу гуьржийн Iедалан ницкъаша, шен цIахь, вижина Iаччу меттехь, воI вер таллар доьхуш, протесташка вуьйлучу паьнгазхочун Мачаликашвили Малхазан вешин кIант Морис лаьцна Iедало.
Мачаликашвили Морисна бехкедо бахначу баттахь Тбилисехь, парламентна хьалха лаьттинчу гуламашкахь полицина духьалояр.
"Полицино Морис бехкево къепедацаршкахь дакъалацар", - элира журналисташка "Кахетин информацин центран" векало, паьнгазхочо Бордзикашвили Сулхьана. Цо бахарехь, Мачаликашвили Малхаз а, цуьнан гергарнаш а Дуисера Тбилисе бахана, цигахь парламентна хьалха протестан пикет хIотто.
Байначу беттан 20-чохь а, цул тIаьхьа даьхкинчу деношкахь а Тбилисехь бахархой гуламашка баьхнарг дара пачхьалкхан парламентан бараме кхайкхина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Сергей спикеран даржан гIента хаар. Цо динчунна резабоцчу депутаташа эккхийра Гаврилов парламентан хIусамера. Ткъа бахархоша гуламашца агIолецира оппозицин. Полицино ницкъаша дIасалаьхкира протестхой. Могашаллин министралло бинчу хаамца, полици а, гуламхой а вовшахлеташ дарба ийшира лазийначу 240 стагна.
Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Малхазан 19 шо долу воI Тимерлан вийра 1918-чу шеран юьххьехь, буса, церан хIусамна чулилхинчу Iедалан ницкъхоша. ХIетахь дуьйна, Тимерлан вер таллар доьхуш, протестан акцеш хIиттайо МачаликашвилигIара.