Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2019

20 шаре даьлла хаттар: хьанна оьшура Оьрсийчохь цIенош лелхийта?

0
20 шаре даьлла хаттар: хьанна оьшура Оьрсийчохь цIенош лелхийта?

Федоров Юрий,                                                                                                       Маршо Радио,                                                                                                              Оьрсийн сервис

Ткъа шо хьалха, 1999 шеран Гезгмашин-беттан 9-чохь, буса, Москварчу Гурьяновн урамехь эккхийтира цIа. Юха, 13-чу дийнахь, Каширское шоссе урамехь рогIера цIа иккхира. Борисовские Пруды урамехь а карийра эккха кечйина коьчал. Ткъа 16-чохь эккхийтира цIа Волгодонскехь. Велира 250 гергга  стаг, лазийра 1500 ца кхоччуш. 22-чохь буса, бахархой сема хьовзарна, ца оьккхуш дисира цIа Рязанехь. Амма массарел а хьалха эккхитинарг дара Дагестанерчу Буйнакскера цIа – Гезгмашин-беттан 4-чохь. Оьрсийчоьнан юкъаралла хIеттехь, 20 шо хьалха, кхетта хиллехь, хьан, стенна дина и зуламаш, пачхьалкхан истори тарлора кхечу хоршахь дIаяха.

1

Официалан верси хIара ю. 1999 шеран аьхка цхьана "Кавказ" цIе йолчу "исламан институтан" куьйгалхочо Ал-Хаттаба "бевзаш болчу а, бевзаш боцчу а" нахах вовшахтоьхначу тобанна тIедожийна Оьрсийчохь массех цIа эккхийтар. Оцу тобан декъахь хилла, боху, Кхарачой-Чергазийчуьра Гочияев Ачимез а, Крымшамхалов Юсуф а, Деккушев Адам а, вежарий Заур а, Тимур а БатчаевгIар а, гIезало Сайтаков Денис а, кхиберш а.

Ала деза, и верси йовзуьйтуш долу, ша цхьаъ бен доцу официалан документ ду Москварчу гIалин кхело 2004-чу шеран Дечкен-беттан 12-чу дийнахь Крымшамхаловна а, Деккушевна а таIзар къастош бина сацам.

Я ФСБ-на а (къайлах сервис) я Инарла прокуратурина а оьшуш ца карийна 250 стаг а вуьйш хилларг Оьрсийчоьнан халкъана шайггара довзийта.

Ю кхин а цхьа верси: ФСБ-но лелхийтина цIенош. Амма оцу версех – тIаьхьо.

Хьалхара хаттар цIенош лелхийтар толлучаьрга: хIун коьчалш ю Iалашо кхочушъеш лелийнарг? Нагахь санна оьккху коьчал зуламхоша цIахь шаьш йина елахь, хаа деза и коьчал кечъеш оьшу гIирс стенгара баьлла, талламан декъахь хила беза коьчал муха йо хууш болу химикаш. Оьккху коьчал пачхьалкхо йина елахь, талла деза, иза стенгахь йина, муха Iалашйо, гайта беза и коьчалш террорхойн кара кхаьчна некъаш. Хала болх бу иза, амма ца бича цабериг бу.

1999 шеран гурахь, талламашна юкъа дуккха а адамаш доьллачу муьрехь, дийца даьккхира, цIенош гексогенца, цунах тротил а иэдеш лелхийтина аьлла. Дукха яздора оцу хьокъехь прессо, ФСБ-н белхахошна тIе а тийжаш. ЦIахь-чохь далуш дац гексоген. Амма цхьаммо а ца элира, иза деш йолу Iедалан объекташ теллина, хьаьвсина иза муха Iалашдо – цхьаьнхьа а яц цунах лаьцна информаци. Ткъа дуьйцу гексоген-х дацарий кийланаш – тоннаш дара.

2000 шо тIедеъча, ФСБ-н куьйгалло дитира гексоген хьехор. Гарехь, ца дезара Iедална шега шена товш доцу хеттарш деш, ца лаьара хьехо, стенгара даьлла террорхошна гексоген. ТIакха Москварчу кхело дIахьедира, Крымшамхаловс а, Деккушевс а цIенош лелхийта кечйина  коьчал аммонал а, шекар а ду, аьлла.

Кхело дийцарехь, Ставропол махкахь нехан цIа лаьцна цара мехах, "девзаш доцчу хьелашкахь" 13 электродетонатор йина, вовшахтоьхна телаш, куьйга кечйина, аммиакан селитра, тротил, шекар вовшах а иэдеш, 13 тонна (!) коьчал. Юха и ерриг а бетон керчочу аппарата чохь алюминин хIурах а иэеш, 14 тонна аммонал кечйина, шех стенна а делахь а, юха а шекар а тухуш.

ЦIеношна буха хьан ехкина лелха коьчалш?                           

Кхин а цхьа коьрта хаттар: хьан къачийна кхераме коьчал иза иккхинчу метте? ШолгIачу дийнахь, Гурьяновн урамехь цIа иккхича, карийна Iедална цIийна бухарчу лармин да. Блюменфельд Марио хилла иза – цо гайтина "Бранд-2" фирме мехах ша массех де хьалха и ларма дIаелла кехат. Ткъа ларма ханна схьаэцнарг вара Лайпанов Мухит.

Бакъду, сихха гучуделира Лайпанов эккхар дале ах-шо хьалха Ставропол махкахь некъахьовзамехь велла хилар. Ткъа цунах дисина паспорт хилла цхьамма лелош. Кхеташ ду, хIоттийна харц-Лайпановн фоторобот, леха волийна иза хьешацIийнашкахь, массо а меттигашкахь.

Харц-Лайпанов Сайтаков Денисца цхьаьна 1999 шеран аьхка Москварчу массех хьешацIийнахь Iийна, бохура. Оцу юкъанна хааделира, "Бранд-2" фирма кхуллуш кехаташ кечдинарг "Деловая компания" цIе йолчу компанин белхахо Королева Татьяна хилар. Иза лецира, цо элира, ша шена тIехьийзачу Гочияев Ачимезна кечдинера и кехаташ. Сихха Королева дIахийцира, цхьа а претензи а йоцуш. 2000 шо доладалале и зуда кхиинера кхин а 28 фирма кхуллуш бух кечбан, юха иза доьза яйра.

Кхеташ ду, талламан версица, эккхийтар кечдинарг Гочияев хилира. Цо лецна, бохура, Гурьяновн урамерчу цIийнан бухахь хьовха, вукху иккхинчу Каширское шоссерчу а, эккхаза дисинчу Борисовские пруды урамерчу а цIеношна бухара ларманаш. ЦIенош лоьлхуьйтуш, цо а, цуьнца Сайтаковс а, Батчаев Заура а ехкина хилийтира 2-3 тонна хIора а ларманашка оьккху коьчал.  Зулам дина бовллушехь, уьш, хьавдда, Нохчийчу а бахана, цигахь террорхойх дIаийна, элира Iедало.

Доллучо а керла шеконаш кхоьллира нахалахь. 1999 шеран аьхка Москох цхьаммо а ца оьцура деношна я кIиранашна белхан хIусамаш. 1998 шарахь иккхинчу кризисо сацийнера нехан бизнес, элира хIетахь Москох цхьана кIоштан урхаллах куьйгалла дечу хьаькамо. Долахоша, "кехаташ хIиттош, харжаш а ца еш", луучаьрга дIалора цIеношкара чоьнаш. ХIетахь хьешацIеношкахь саца оьшуш а ца хуьлура Москох веъначунна, тоаме дара цхьана хIусаман дега 200 доллар делча – я кехаташ гайта а дацара хьашт. Цу тIе, Гочияевн шен долахь яра Москох петар, я могура цунна ша тIехьийзаш ю бохуш йийца яьккхинчу Королева Татьяница Iан, нагахь санна церан истори а яцахь Iедало кхоьллина. Террорна араваьлла стаг хьешацIийнашка а язлуш леларца яц цхьа а логика. Амма Гочияевс шен а, Сайтаковн а ларш леррина йитина гучохь, бохура талламо – ша "Делан дуьхьа араваьлла вуйла хоуьйтуш".

Суна доггах хьоьхура Гочияев бехкевар. Со кхийтира доллучух а, ца хIоьттира къийса, куьг яздира

Уггаре тамашениг: Блюменфельдера Гурьяновн урамерчу цIийнахь ларма эцначу стеган юхьанца яржийна хилла фоторобот хийцира ФСБ-рчу талламчаша. Йолуш ю Блюменфельда динчу къамелан аудио: "Лефортовехь суна цхьана стеган сурт гайтира, иза Гочияев ву элира, ас цуьнга елла бохура ларма. Суна и стаг цкъа а ца гина, жоп делира ас. Суна доггах хьоьхура Гочияев бехкевар. Со кхийтира доллучух а, ца хIоьттира къийса, куьг яздира ас протоклна буха. Ткъа бакъдерг аьлча, вацара ас ларма ханна йоьхкина стаг, Гочияев ву аьлла, суна гайтинчу суьрта тIераниг. Цул сов, со воцучарна, массех стагна, гина харц-Лайпанов. Массара а бохура, оцу стагах чIогIа тера ю яржийна фоторобот".

Официалан версица ду кхин сакхташ а. Кхеташ дац, стенгара яьлла Крымшамхаловна а, Деккушевна а 13 тонна куьйга йина оьккху коьчал, иза лоьлхуьйтаргаш, муха кхаьчна Гочияевга веллачу Лайпановн паспорт.

Крымшамхаловна а, Деккушевна а бехкедийриг доккхачу декъанна схьаэцна церан шайн дарешна тIера а, тешаша дийцинчух а. Мел а хила таруш дерг дара цхьаъ – оцушимма аммонал кечдар, иза шекарх иэдар, цхьанга-м оцу коьчалан дакъа дIадалар, оцу "цхьамма" иза Москох а, Волгодонске а дIахьажор. Экспертизо бакъдира цара гайтинчу цIа чохь цушиннан белхан ларш карор. Амма теша хала ду кхидIа цара дийцинчух: Хаттаба лелхийтарш дан и шиъ араваккхар а, цара аммонал Гочияевга дIакхачор а, веллачу Лайпановна паспортца лелларг Гочияев хилар а. Кхеле ийзийначех цхьаберш ФСБ-но террорхой бу бохура – царна муьлхха а кеп магара, террорхой шайх ца бахчхьана. Вукхарна ца лаьара дерриг а карахь долчу къайлахчу сервисца иэгIа.

2

Официалан версино сов яккхий шеконаш йитина. Амма дукха бу цIенош ФСБ-но ша лелхийтина бохучух тешош битамаш.

Муха бевлла терроран тохарш дан кечбина белхаш ерриг а Къилбаседа Кавказ яьккхина лаьттачу ФСБ-н, милицин, тIеман иччархойн тидамера? Муха нисделла эккхийтанза долу, кхин а кхо де даьлча бен оьккхур а доцу Волгодонскера цIа эккхийтина аьлла, хIетахьлерчу пачхьалкхан парламентан спикеро Селезнев Геннадийс депутаташка хаамбар? Информаци яьржира цхьана "Росконверсвзрывцентр" институтах лаьцна – эскарийн базанашкара гексоген цо дIасаделлачух тера ду зуламаш диначаьрга (Литвиненко Александр, Фельштинский Юрий. ФСБ-но лоьлхуьйту Оьрсийчоь. ШолгIа зорба. Нью-Йорк, 2004. 385–422 агIонаш). Амма и хаам ца теллина, цунна комментари ца йина цхьана а Iедалхочо. Ткъа Литвененкона а, Фельштинскийна а гучудаьлла Королева Москох зуламаш деш хьийзинчу, ФСБ-н агент хила тарлучу талорхойн тобан лидерца Лозовский Максца юкъарлонехь хилар.

 

Дерриг дац иза а. 2002 шарахь Гуьржийчохь велахь а, я Малхбалехь велахь а, къайлаваьлла веха Гочияев зIене велира Литвиненко Александрца а, цуьнан накъосташца а – цо массех декъехь видеоца а, тексташца а тоьшаллаш дахкийтира, 1999 шеран гурахь лелларг шена гучу хьесапехь туьдуш. Оцу хьокъехь дехха дуьйцуЛитвиненкос а, Фельштинскийс а шайн книжки тIехь. Ала деза коьртаниг – Гочияев дуьнентIехь волуш а, вехаш волу а стаг вара.

Гочияевс дийцинарг кхин ду, ФСБ-н версица дуьстича. 1996 шарахь дуьйна ваьхна иза Москох, цигарчу цхьана стагца, Кармишин Александрца цхьаьна гIишлошъен "Капстрой-2000" фирма лелийна цо. 1999 шеран аьхка Гочияев волчу цуьнца школехь дешна накъост Дышеков Рамазан веана, цо шеца цхьаьна, юкъахь, минералан хиш дохкар хьехна. И бизнес талла а, йолон а цо тIедиллина шеца "Капстрой-2000" фирмехь болхбечу махкахочунна Чинчиков Раулна. Дышековс дехна цуьнга, хиш чохь латто меттигаш лахар. Чинчиковс лехна, Дышековс, долахошца барт а беш, шен фирмина тIе а язъеш, мехах ханна эцна Гурьяновн а, Каширское шоссе а урамашкарчу цIеношна бухара ларманаш.

 

Гачияевна гина телевизорехула Гезгмашин-беттан 13-чу дийнахь Каширское шоссехь дина эккхийтар а, цигахь шен сурт гойтуш а. Иза кхетта, Iедал ша бехкеван доллийла. Цо Чинчиковга телефон тоьхна, цуьнгара хиина, цо лецна кхийолу ларманаш стенгахь ю. Цул тIаьхьа Гочияевс Москох милице ша телефон тоьхна, кхин а юйла хаийтина шаьш лецна ларманаш - Борисовские пруды урамехь а, Капотня кIоштахь а.  

ТIаккха бен ца йитина Гочияевс Москох. Кхарачой-Чергазийчу а веана, лечкъа воьлла иза. Ткъа Чинчиков вийна дукха хан ялале. Гочияевна тIаьхьо гучудаьлла Дышеков ФСБ-н къайлах агент вуйла а, къайла хьош а доцуш, цул тIаьхьа цо ФСБ-хь болх бинийла а.

Гочияевс дуьйцучух теша а мега, ца теша а мега, амма дукхахдерг, масала, иза Москох ваьхна меттиг, Чинчиковх хилларг, Дышековца мел доьзнарг атта таллалуш ду. Масала, "Капстрой-2000" баккъал а хилла фирма ю, карийна цуьнан реквизиташ, иза кхоьллина, документаша дийцарехь, Гочияевс а, Кормишина а, дIакъевлина 2010 шарахь. Амма, хетарехь, официалерчу цхьана а хьасташа ца теллина Гочияевс ден тоьшаллаш.

И оьккху коьчал чохь хилла галеш нахана гина – бахархой хиламех нийса кхета бохург ду иза

Лелхийтарш ФСБ-но кечдина хилар гойту тоьшалла дара "Рязанера Iамораш". И истори мелла а евзаш ю. Цундела иза йоцца йовзийтича тоьу. 1999 шеран Гезгмашин-беттан 22-чохь буса цIийнан цхьана вахархочунна гина вевзаш воцчу кхаамма, машена чуьра схьа а оьцуш, шайн цIенна буха галеш дIакхоьхьуш. Милици кхайкхина цо. Хааделла галеш чуьра арагIерта телаш, лелхийтаршца болхбен говзанчаш а, меттигера ФСБ-н белхахой а баьхкина цига. Сахьт а, детонатор а яьккхина Iуьранна 5.30 хан яьлча эккха езачу коьчална юкъара. Пачхьалкхан эксперташа къастийна галеш чохь ерг гексоген хилар. ШолгIачу дийнахь Оьрсийчоьнан прессо, Iедалан векалшна тIе а тевжаш, дийцира эккха деза цIа кIелхьарадаккхарх лаьцна.

23-чу дийнан сарахь премьер-министра Путина бакъдира дуьйцург:

" И оьккху коьчал чохь йолу галеш нахана гинехь – …бахархой пачхьалкхехь лелачу хиламех нийса кхеташ бу", - элира цо. Бакъду, нах нийса кхийтира. Ткъа ишта олийла дацара ФСБ-н директорах Патрушев Николайх. "Доьхнарг" дара 23-чу дийнан сарахь Рязанехь  терроран тохар кечдина кхо стаг ву аьлла лецнарш ФСБ-н коьртачу офисера белхахой хилар. Йоккха-йоккха скандал яра  уьш бахьанехь яла езаш. И нах а, леха кечдина галеш а, детонатор а чехка Москох дIаяьхьира. Iадийна йисинчу юкъаралле элира Патрушевс, Рязанехь хилларг ловзар дара, Iамораш дIахьош яра ФСБ, ткъа галеш чуьраниг гексоген дацара данне а – шекар дара.

3

Стандартера хаттар тIаьххьара а: cui prodest – хьанна ду иза пайде? Хьанна эшна Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь цIенош лелхийта? Iедало бахарехь, 1999 шеран аьхка Дагестан яккха баха дагахь бара нохчийн тIемалой, цундела царна, Къилбаседа Кавказна тIера а баьккхина, халкъан тидам Москвана тIеберзо лаьара.

Амма хьанна мухха а хетахь а, бацара Iовдал тIемалой. Царна хаьара, "нохчийн лар" цу сахьта гучуер юйла а, Нохчийчохь керла тIом болалур буй а, оцу тIамехь мацца а цкъа шаьш оьшур дуй а. Цул совнаха, хаьара тIемалошна Москох керлачу тIамна кечлуш юй а. Вон ца бора церан иччархоша гонах лелачу хьолан тидам. Кхечу дешнашца аьлча, данне а дацара Оьрсийчоьнца дов оьшуш я Хаттабна а, я Басаевна а.

Амма пайде хила мегара лелхийтарш Оьрсийчоьнан лаккхарчу хьаькамашна. Лелхийтарш хуьллушехь, Оьрсийчуьра низамхой тергалбечу эксперташа билгалдаьккхира, мел хан оьшу лелхийта деза цIенош лаха, мел оьшу оьккху коьчал, мел хан еза иза кечъян, оьшшуче бомбанаш дIакхачон, иштта дIа кхин а. И дерриг а кхочушдан лаххара а 4-5 бутт оьшура. И бохург ду цIенош лелхийта дагадеана 1999 шеран бIаьста. Барий оцу хенахь нохчийн тIемалой Дагестанна чубаха дагахь? Бац иза ишта дара ала цхьа а бух. Амма ду хууш, бIаьсте яьлча дуьйна дIа дено-дено телхаш дара политикан хьал Москох.

Стигалкъекъа-беттан 12-чохь премьер-министр Примаков Евгений даржера вохийра. Сихвелла, 2000 шарахь хила безачу харжамашкахь тоьлур воллучу стаге, хьаьнга ша дарж дIадала деза хьоьжуш вара Ельцин Борис. Амма дукха яцара цунна пайде шансаш. Ша даржера мукъаволлушехь, Москван мэран Лужков Юрийн гIоьнца, президентан харжамашкахь дарж къовса кечвала вуьйлира Примаков. Цунах дисинчу премьеран гIента хаийначу, Ельцинна президентан гIант дIадала луучу Степашин Сергейн рейтинг лахара яра Примаковнчул а.

Ала тарло, оцу хенахь кхиина Нохчийчохь тIом болон лаам, ткъа иза болон, харжамаш юкъахбаха бахьана дара терроран тохарш. Гезгмашин-беттан 24-чу дийнахь эрна ца элира Патрушевс, "Iамораш" шаьш кхечу гIаланашкахь а дагахь дара дIадахьа.

Конституцино бахарехь, президент даржера дIаваьлча, шашах цуьнан метте хуу премьер-министр. И Iалашо юхаякханза лаьттина, гарехь, ФСБ-н директорх Путин Владимирах премьер-министр веш а, вича а. Вуно дукха адамийн кхолламех хьакхалуш долу, "хьоштагIанахь карабахь, цу чохь а хIаллакбийр бу" Путина кхоссар оццул товр ду Оьрсийчоьнан бахархошна ала хала дара хIетахь.

Сел къизачу Iалашонан юьхь бен яцара Москох, Волгодонскехь цIенош лелхийтар, амма Рязанера "Iамораш" гучудевлча, юхаэца дийзира и Iалашо. Оцу хенахь Красноярскан губернатор вара инарла Лебедь Александр. Цо элира, терроран талорашна тIехьа Оьрсийчоьнан Iедал а, Басаев а ву, оцу шина агIонна оьшу пачхьалкх кхерамна кIелъяхьа, кегари бан, тIакха, эша ма эшна, ала: "Дац хьо харжамашка воьдийла, водахь, кхожан батташца цхьаьна оьккхур ву".

Лебедь дуккха хIума хууш стаг вара. Бакъду, стенна хьакхийра цо оцу юкъа Басаев, кхеташ дац.

ТIаьххьарниг а: хенаш хийцало, амма Оьрсийчохь Iедал къовсу некъаш биса тарло хийца ца луш.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

Юлия Пересильд, московский Театр на Таганке, ММОМА – участники 3-его фестиваля «Территория. Красноярск» раскрывают грани современного искусства


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Создание Афиши Выступления или Концерта, Мероприятия, События.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)


ATP

Янник Синнер высказался о первом месте в рейтинге ATP и травме Новака Джоковича



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России