ХIора кхоллабеллачу 1000 доьзална дуьхьал 147 дIасакъаьстина Нохчийчохь
Оьрсийчуьрчу Росстато далочу терахьашца, уггар бертахь доьзалш беха меттиг ю Нохчийчоь. ХIара шо доладелчхьана цигахь эзар доьзал кхоллалуш дIаса ца къаьстина 147 а бен. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь – 197. Цунна тIаьхьа ю Тыва (251), тIаккха - Дагестан (278).
Ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, официалан кепара хIора кхоллабелчу 1000 доьзална дуьхьал боьхна 621. Стохка хиллачуьнца дуьстича, и терахь кху шарахь 12% лахара ду.
Росстато дийцарехь, уггар дукха доьзалш дIасакъаьстина меттигаш ю Ленинградан а (889), Сахалинан а (878) кIошташ.