Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Шех цIе а тесна, ваьгна ненан маттах дог лозу Iилманча

0
Шех цIе а тесна, ваьгна ненан маттах дог лозу Iилманча

Маршо Радио,                                                                                                            Idel.Реалии

Ижевскехь шинарийдийнахь Удмуртин парламентна хьалха ша-шен вагийна Iилманчас Разин Алберта. Лоьрийн дан гIо доцуш, велла иза. Ша-шен вагавале, иза лаьттина Гамзатов Расулан "Кхана сан мотт нагахь санна лахь, кийча ву со тахана вала" дешнаш тIехь долу кехат кара а лаьцна. И ирча сурт довзуьйту Маршо Радион ГIезалойн-Башкирийн "Азаттык" редакцино.

ЦIеяйархой а, лоьраш а гIиртина дерриг а санна дегI даьгна Разин Iожаллах хьалхаваккха. Амма ца дан делла дарба, велла массех сахьт даьлча.

 «Юхахьаьжи со – цIарх вогуш ву-кх»

Удмуртерчу къоман боламан жигархочо Тимошкин Петра бахарехь, Iуьйранна веана, карахь плакат а йолуш, лаьттина Разин Алберт парламентан неIаршкахь.

 «Ши де хьалха соьга телефон туьйхира Алберта, ша пикетехь хир ву, сурт даккхахьара ахь шен, юха иза интернетехула даржор ахь, дехнера цо. Со юьрта вахана вара, ас цундела ван дош ца делира цунна. Делахь а, иза кхеттера, со вогIур вуйла. Iуьйранна 8 сахьт даьлча со а, соьца кхин ши жигархо а вара, ткъа иза тIаьхьависинера схьакхача. ИссалгIачух ах даьлча, карахь плакаташ а йолуш, шен машен дIа а хIоттийна, тIевеара Алберт. Велавелла-векхавелла вара, даима а санна. Оха кхин деха къамелаш а ца дира. Иза парламентна хьалха дIахIоьттира шен плакатца. Тхо юстах Iара, дагахь цхьа а бохам хир бу аьлла а доцуш.

Разин Алберт парламентна хьалха, 18+:

Тимошкина дийцарехь, цхьаболчу депутаташна вевза Разин, уьш Iуьйре дика а еш, чубоьлхура цIенна. Полисхойн а яцара претензеш: цо хьалххе электронан кепехь хаийтинера ша пикете волуш вуйла.

 «Исс сахьт долуш дара Разина ша кIадвелла аьлча, тхо цуьнга гIант дала дохкура. Амма иза хийца веара цхьа жима стаг. Разин шен машена чухиира, садоIуш Iийра. Оцу юкъанна пикетехь лаьттачу кIантанна тIевеара цхьа накъост, цо ерзае, элира, пикет. Оха тIе а дахана, бехк ма билла, амма тхоьгахь бакъо ю елла, элира цуьнга. Ас телефон а тоьхна, тхаьш долчу тIевола элира Алберте. Иза схьавеара, ша Iедале кехат яздина, иза парламентехула чекх а волуш, хьаькамашка дIадала дагахь ву, дIа ма гIахьара ша валлалц, элира цо соьга. Юха а шен машена хиира иза садаIа. Со а, сан цхьа накъост а иштта лаьтташ вара, къамел а деш. ЦIеххьана юхахьажи со – йоккха цIе ю-кх йогуш", - дуьйцу Тимошкина.

Тимошкин Петр яйа гIиртина Разинна тIера цIе, амма гIуллакх ца хилла.

«Иза эрна дара. Цунна тIеваха а аьтто бацара. Амма цо мохь а ца элира, дош а ца хазийра шегара. Воггушехь, меттах а ца велира ша волучуьра. Тхуна цIейойу гIирс ца карийра. Нах хьежа а хьоьжуш, видео а йоккхуш лаьттара. Газеташ духку цхьа зуда яра цигахь, цо туьйхира лоьрашка а, цIеяйархошка а зIе. Итт минот яьлча кхечира кхайкхинарш".

79 шо дара Разин Албертан. Философин Iилманийн кандидат, доцент, "Удмуртин Iилманийн хьакъдолу белхахо" цIе а яра цуьнан. Къам чIагIдарехьа болчу «Удмурт Кенеш» партин жигархо а, Iилманчийн «Тодосчи» клубан декъашхо а вара Разин.

 «Удмуртийн мотт цабайтар – беккъа и цхьа лазам бара цо даима а балхош"

Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш (оьрсийниг боцург) лаамза Iамор тIехь дац цхьана а дешархочунна – иштта маьIна дара стохка пачхьалкхехь йийца яьккхинчу низаман проектан (иза хIинца-м лелаш долу низам ду).

Дукха къаьмнийн жигархой гIиртира и низам юкъа ца даккхийта. Вогура массо а оцу низамо къаьмнийн меттанаш бовчу хьоле кхачорах. Удмуртин парламентан спикере Прасолов Алексейга а, депутаташка а оцу документна дуьхьало яре кхайкхинчийн хьалханча вара хIетахь Разин Алберт.

«Удмурт Кенеш» боламан жигархочо Викторов Ильяс дуьйцу Разинах лаьцна. Иза удмуртийн маттана сагатдина ца Iара, мехкан хьал а, Iалам а далхадора цо диллина, чIагIдо Викторовс.

 «Цхьа пхи де хьалха къамел хиллера сан цуьнца. Цхьалха пикет дIаяхьа дагахь вара иза. Денош хаза доллучуьра, со бешахь къахьега воллу, аьлла, со ца вахара цуьнца пикет хIоттон. Сесси йолалуш, депутаташка шен петици дIаяла воллура иза. Удмуртийн мотт цабайтар – беккъа и цхьа лазам бара цо даима а балхош. Кехаташ кхехьийтинера цо Москох, тхан ненан мотт хIаллак цабайтар доьхуш. Школашкахь хьоьху удмуртийн мотт цкъачунна, амма иза урокаш дIаевлча, лаамехь бен бац хIинца Iамош".

Викторов Ильяс дийцарехь, зуда а, 18 шо долу йоI а йисина Разин Албертан. Шена дагахь а дацара Iилманчас ша-шех цIетосур ю аьлла, боху Викторовс.

Къоман мотт Iалашбан араваьлла лела стаг санна вевзара Разин историкна Мадуров Дмитрийна а. "Цуьнан массо а Iилман болх а бара къоман хазанаш Iалашдарехьа кхойкхуш. Консерватор вара иза. "Дайша вайга схьа мел делларг, вешан тIаьхьенашка дIадала деза вай" – чIагIдора цо даима а, дагалоьцу Мадуровс.

Оьрсийчоьнан президента Путина, "дешархошна, оьрсийн мотт боцург,  шайн боцу меттанаш Iамор тIедожо мегар дац", оллушехь, долийра низам юкъадаккха. Цунна шаьш резабоцийла хаийтира дукха къаьмнийн жигархоша, амма тидаме а ца ийцира протесташ Iедало.

2002-чу шеран а, 2010-чу шеран а бахархошкарчу маттера хьал дуьстича, удмуртийн мотт хууш болчу нехан терахь охьадаьлла 30%-на: 463 эзарна тIера 324 эзарне кхаччалц.

Нохчийн мотт нохчашна хаарца дерг, оццу документашца зийца, 2002-чу шарахь хиллачул дуккха а кIезиг бу шайна нохчийн мотт хаьа статисташка аьлларш 2010-чу шарахь.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин рассказал о реализации проектов КРТ в столице





Москва

Два человека пострадали в ДТП с автозаком в Москве


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Ольга Бузова

А что, так можно было? "Голый концерт" Бузовой поставил ребром вопрос о цензуре в России




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО


Даниил Медведев

Российский теннисист Медведев снялся с турнира в Хертогенбосе



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России