Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Идлибехь Оьрсийчоьнан планаш эшна йогIу. Эшамаш бу церан эпсаршлахь а

0
Идлибехь Оьрсийчоьнан планаш эшна йогIу. Эшамаш бу церан эпсаршлахь а

Bloomberg: Шемахь гIаш эскаршца операци кечъеш ю Оьрсийчоь

Оппозицин ницкъашкара Идлиб схьайоккхуш, гергарчу кIиранашкахь Шемахь шуьйра  операци йоло дагахь бу, Оьрсийчоьнан эскарийн гIоьнца.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "поваран" Пригожин Евгенийн куьйгакIел болу бIеннашкахь тIемалой карарчу заманчохь тIелата кечлуш бу. Танкашца цхьана, 50 стаг цхьана тобанехь а волуш, оьрсийн авиацин гIоьнца буьйлабала Iалашо ю церан.

Bloomberg агенталло кхааридийнахь Iорабаьккхина и хаам, шайн къайлахчу хьостанашна тIе а тевжина.

План ишта ю. Шеман салтишца оьрсийн эскархой декхаре бу, уггар хьалха, маьрша бахархой чуьра арабаха некъ бала, цул тIаьхьа Идлибехь экстремистийн "Аль-Каида" организацица боьзначу  гIаттамхошца кхачо йоллуш толам баккхалц тIемаш бан.

Bloomberg хьостано тIеман "Вагнер" компани хьахош яцахь а, хаамийн гIирсаша Пригожинна тIеязйинарг и ю.

Оцу юкъанна, шайн лаамца, контрактна куьйгаш яздина, Шемарчу конфликтехь дакъалаца бахнарш Дейр-эз-Зор олучу провинцехь стохка Чиллан-баттахь хIаллакбича, Кремло тIе ца дуьтура, шайн "Вагнерца" уьйраш хилар.

Йохийна оьрсийн дронаш а, байина "эпсарш а"

Шемарчу оппозицин хьосташа бечу хаамаш тIехь а билгалдоккху, Идлибехь тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоь жигара хьийзаш хилар. Масала, Марсхьокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь дийца даьккхира, "оьрсийн иччархойн кеманаш" гулдаларх.

ХIинцале а хууш ду, Идлибан къилбехьа хIаллакдинчу Оьрсийчоьнан мел лахара а, кхаа дронах. Марсхьокху-беттан 3I-чохь Джейш олучу эвлахь чудаийтира цхьаъ, карарчу беттан 4-чу дийнахь Сахъянехь дохийра кхи цхьаъ, ткъа 9-чохь дийца даьккхира, Таманехь дрон хIаллакдина бохуш.

Цул совнах, кху беттан 4-чохь Идлибан зорбанаша хааме даьккхира байинчу а, лазийначу а оьрсийн спецназхойх. Аджаз эвлахула оппозицино доладечу территори тIе бовла гIертачу юкъанна "Фатх Мубин" олучу тобанхоша йинчу кIелоне нисбеллера уьш. ТIаьхьо къаьстира, Шеман эскархой а цхьана, вийнарг исс стаг хиллийла.

Оццу дийнахь Джуринан кIоштахь  минаш тIехь лилхира Оьрсийчоьнан эпсарш. Кхоъ веллера, шинна дера чевнаш йинера, хаамбира "Ведомости" гIирсо, тIеман, дипломатин хьосташкара шайга кхачийначу информацица.

Ишта, карарчу беттан 6-чохь "Джабхат Нусра" цIарца леллачу организацин ("Аль-Каидан" га ду иза) тIемалоша дийцира, кхечу оьрсийн спецназхойн тобанера байинчех а, лазийначех а. Шеман салтишца къилба малхбалерчу Хальбан олучу эвларчу оппозицина тIекхача гIерташ хиллера уьш.

"Уьш цигахь бац"

Охан-баттахь дуьйна дIахьош ю Идлибехь, яхъелла тIеман операци. Провинцин коьрта дакъа оппозицин тобанаша шайн карахь латтош ду хIинца а.

Официалан версица, Оьрсийчоьнан авиацино гIо а латтош, Шеман президентан Асад Башаран эскаро дIахьош ю и операци. Москвано дIахьедарца, Оьрсийчоьно гIо латтадо Асадна тIеман авиацица а, инфрастурктурашца а, тIеман полицица а.

2015-чу шарахь официалехь Шемарчу конфликтна юкъагIоьртинчу Оьрсийчоьнан тIеман министралло масийттазза билгалдаьккхира, гIаш эскаршца операци шаьш дIахьур ю бохучух дуьйцийла а яц аьлла.

Нагахь лаьттахула операци йолош яцахь, хIун деш хилла оьрсийн спецназхой тIемаш лаьттачу  Аджазехь а, Джуринехь а, Хальбанехь а? Буьйлабелла лелачу заманчохь кIелоне нисбелла уьш?

Оьрсийчоьнан тIеман министралло эпсарш Шемахь байар бакъ ца дахь а, беллачийн гергарчара а, бевза-безачара а журналисташка церан цIераш дIайийцина: лакхара лейтенант Никонов Кирилл а, капитан Сысков Дмитрий а, майор Мицык Роман а.

РБК агенталлан информацица, Оьрсийчоьнан лерина операцеш дIахьочу Ницкъашлахь гIуллакх деш хилла уьш.

Билгалдаккха догIу, оьрсийн тIеман министралло байначу беттан 31-чу дийнахь маслаIат дIакхайкхийначул тIаьхьа гучудуьйлуш ду дронаш хIаллакъяр а, оьрсийн эскархойн тIелетарх а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный





Москва

«Солнечная Азбука» в особом семейном центре «Семь-Я»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт в музее им. П.И. Чайковского




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В ТРЦ «Звезда» проходит финальная игра 1/4 Центральной лиги КВН «Самара»

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике


Александр Зверев

Зверев и Рууд не пожали друг другу руки после полуфинала «Ролан Гаррос» – из-за проблем с желудком у норвежца



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России