Кхин цхьа кавказхо а ваьлла дуьненан чемпион
![Кхин цхьа кавказхо а ваьлла дуьненан чемпион](https://gdb.rferl.org/2C6CDCE6-7AB8-4EF1-A021-07015CABF2B4_cx0_cy9_cw0_w800_h450.jpg)
Дагестанхо Рашидов Хьажимурад тоьлла Казахстанана коьртачу шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу охьатохархлатархойн чемпионатехь паргIат кепехь леташ.
65 кийла йозалла йолчу латархошлахь финале кхаьчначу цо, жамI 10:0 а долуш, эшийна казахстанхо Ниязбеков Даулет.
Чемпион валарал сов, Токиорчу аьхкенан Олимпиаде ваха лицензи а яьккхина Рашидовс.