Нохчо Ахъядов Рамзан Оьрсийчоьнан каравелла Гуьржийчоьно
Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна Ахъядов Рамзан Оьрсийчу дIахьажийна Тбилисино, дIахьедина Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс, хаамбо «Дош» журнало, «СОВА» порталан хаамна тIе а тевжаш.
Низамехь йоцчу «ДАIИШ» тобанца зIенашкахь хилларна бехкевеш, дIавехна иза Оьрсийчоьно. Ткъа ша хIуманна а бехке вац, шена верна кхерам бу Оьрсийчу экстрадици яхь, дуккхаза а дIахьедина хилла гуьржийн Iедалшка Ахъядовс. Кхочуш данза дитина цо тховкIело йоьхуш дина дехарш а.
«Исламан пачхьалкхе» нах дIахьийсорна 2013-2015-чу шерашкахь, ша а Малхбалерчу тIемашкахь дакъалацарна дIавоьху иза. Тахана Iуьйранна дIахьажийна», - аьлла Цулукианис пIераскана.
39 шо долу Ахъядов Рамзан 2017-чу шарахь дуьйна вехара Гуьржийчохь шен доьзалца, зудчуьнца а, берашца а цхьаьна. ДIадахначу Iай Кутаисехь машен нийса дIа ца хIотторна тидаме воьжна иза полицин. Лаьцча, гучудаьлла Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш хилар. ХIетахь дуьйна схьа Гуьржийчоьнан оппозицино дуккхаза а дехна шайн Iедале иза Оьрсийчу дIа цахьажор.
Ахъядовна экстрадици яр кхобалдина юстицин министр Цулукиани Тея тешна ю Оьрсийчохь цунна кхерам бацарх. «Оьрсийчуьра тхоьга кехатца гарантеш яьхкина оцу стагна, иза набахте кхаьчча, адаман хьелаш хуьулуьйтур ду аьлла», - дIахьедина гуьржийн Iедалхочо.