«Новичок» дIаьвшо шена дина зен Оьрсийчоьне меттахIоттадайта воллу ингалсхо
Шен могашаллина «Новичок» дIаьвшо дина зен Оьрсийчоьне кхелехула меттахIоттадайта воллу ингалсхо Роули Чарли, хаамбо Британерчу Daily Mirror таблоидо.
Шен дахар дIаьвшо дохийна, шена цунна дуьхьал 1 миллион фунт деза Оьрсийчоьнера (80 миллион сом гергга), боху Роулис.
ДIаьвшах елира иза тIехьийзаш хилла Стёрджесс Дон. Роули Чарлин адвокато дIахьедина, иза товалаза ву дIаьвшах, аьлла.
Стохка бIаьста Британерчу Солсбери гIалахь дIовш делира Оьрсийчоьнан тIеман иччархо хиллачу полковникна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а. Лондоно Оьрсийчоь бехкейира царна «Новичок» жIовш даларна, ехира шаьш зулам кхочушдина лоручу иччархойн цIерш. Амма Оьрсийчоь къера ца хилла шена тIекховдийначу бехканна.
ТIаьхьо Солсберина гена йоцчу Эймсбери гIалахь оццу «Новичок» дIаьвшах елира Стёрджесс Дон, ткъа лоьраша лечуьра ваьккхира ша Роули Чарли. ТIаьхьо гучуделира Солсбери гIалин паркехь цунна «Nina Ricci» IатIаран цIе тIеязйина шиша карийна хилар а, цу чохь «Новичок» лелийна хилар а.
ДIовш делира хIетахь СкрипалгIеран цIийнах хьаьжинчу полисхочунна Бейли Никна а.