Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Сентябрь
2019

"Шена гIело ян йолийна чоь евзира Тимурна"

0

Талламан эксперимент йоьдуш, нохчийн актерна евзина Соьлж-ГIаларчу полицехь шена гIелойина чоь

Кху беттан 24-чохь, таллам болош, Нохчийчуьрчу оьрсийн драмтеатран актер Дебишев Тимур а, цуьнан адвокат  Добронравова Наталья а, Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхо Пискунов Дмитрий а вовшахкхетта Соьлж-ГIалахь талламчица Тапаев Мурадца. Цара зулам зен йолчу Iалашонца теллина Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин №1 дакъа. Дебишевс шена 2018-чу шеран Iай полицехь йиттина аьлла йийцинчу чоьнашка хьаьвсина уьш.

Бакъду, и болх талламчас Тапаевс байначу баттахь чекхбаьккхина хила безаш бара – Дебишев а, цуьнан агIо а ша тIекхайкхиннашехь, иза ца веара къастийначу метте йиллинчу хенахь.

Пискунов Дмитрийна хетарехь, массех кIиранна таллам тIехьататта эшна полисхошна, "ларш яйархьама". Ткъа Дебировс ша а, шеца лецна латтош хилла нах а еттачу юкъанна чохь кхаьбна, бохуш, юьйцу машенийн чоь ю Ленинан кIоштан полицин кертахь – цу чохь хIинца, хила ма-езза, еккъа машенаш бен яц, пенаш хаздеш, керла тоьхначу басаран хьожа ю чохь лаьтташ.

"Ас кхеторехь, талламчас Тапаевс, тхан дехарца ша болх тIехьатотту кеп а хIоттийна, полисхошна хан елла чоьнаш чуьра ларш яйа, хьовса "кечъян", - элира Пискуновс "Кавказ.Реалиига".

Адвоката Добронравова Натальяс дийцарехь, меттиг толлуш дакъалаьцна Ленинан кIоштан полицин куьйгалхочун гIовса Арсанукаев Сайд-Ахьмада а, куьпашна тIехьожучу полисхойн буьйранчас Сатуев Бислана а.

"Уьш тхоьца массанхьахула чекхбевлира, меттиге хьовсуш лийлира, иштаниг дукха хьолехь шаьш лелош дацахь а. Полицехь йиттина аьлла, цигара чоьнаш толлуш хилча, ца лела хьаькамаш талламчина юххе е а бовлий, иза наггахь а ца хуьлу", - билгалдаьккхира Добронравовас.

"Тимурна евзира, шена полице ша вигича, етта йолийна хилла цхьа чоь. Цу чохь хьал цо тоьшалла деш ма-дийццара дара. ШолгIачу чоьнах билггал ала ца делира Тимуре, шена йиттина меттигаш гойтуш  – оцу чохь, хIуманаш дехьа-сехьа яхарна делахь а, кхин сурт дара. Ала деза, массо а чоьнаш ца гайтира тхуна – "кхузахь архив ю", "кхузахь бухгалтери ю", бохуш. Ткъа тхо ца теша тхайга бакъдерг дийцина хиларх. Амма и чоьнаш ца гайтарна талламчас Тапаевс хIумма а ца элира, иза ца ваьлла вара тхоьца хьийзаш", - боху Добронравовас.

Дебишевна шена йиттинчу нахах стагга а ца гина эксперимент йоьдучу сахьтехь. Делахь а, иза хьийзорна бехктакхаман гIуллакх доло деза, тешна ю адвокат. "Дерриг а цхьана боцца бинчу зеран балхо гойтийла дац, буьззина таллам дIабахьа беза", - аьлла хета адвокатна.

2018-чу шеран Лахьан-беттан 12-чу дийнахь шен балхахь, драмтеатрехь, волу Дебишев Тимур Ленинан кIоштарчу полице вигина, цигахь цуьнгара дареш даха долийна, етташ, наркоманашца уьйраш ю шен ала бохуш.

Полисхоша корта пенах бетташ, коьртах телатан тоьрмиг буьхкуш, ток етташ, гехь полисхо лелавойтуш, хьийзийна иза. Шина дийнахь хьегийтина Дебишевга и бала, тIаккха дIахецна полицера.

"Iазапна дуьхьалояран комитете" арздина актеро, бакъоларъярхоша гIодина цунна еттарх долу тоьшаллаш лоьрашкахула кечдан. Шен гергарнаш а, беза болх а битина, Нохчийчуьрчу ницкъхойх къайлаваьлла веха хIинца Тимур.

Тешаш а, тоьшаллаш а доллушехь, дац айдина бехктакхаман дов хIинца а. Цул совнах, кхузза дехна цо дов гIаттор, амма дуьхьало латтайо талламчаша.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Более трех миллионов человек посетили фестиваль «Москва на волне. Рыбная неделя»





Москва

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Детский фестиваль искусств «Небо» станет праздником для всей семьи



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Оззи Осборн

Гизер Батлер рассказал, что Оззи Осборн согласился выступить с Black Sabbath




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Для пользы тела. «Мой спортивный район» начинает летние тренировки

Муж Заворотнюк дал волю эмоциям на прощании с актрисой

Дептранс Москвы раскрыл детали инцидента на станции метро "Спортивная"


Сюзанн Ленглен

Матч Котова и Вавринки перенесли на корт Сюзанн Ленглен



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Дивный новый мир цифровизации: в Москве пройдет Форум «Время цифры»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России