Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Октябрь
2019

"Шегара цхьанна гIо хилча са паргIат долура цуьнан"

0

Белль Генрихан Фондо байначу беттан 27-28-чохь а Махачкалахь барамаш дIабаьхьира, доктор Магомедова Iайшат дагалоцуш. Цуьнан цIарах совгIат дина заьIапхойн бакъонаш къуьйсучу Дагестанерчу Сеферова Маринина.

Магомедова Iайшат гIараелира Махачкалахь гIоьналлин дарбан хIусам схьайиллинчул тIаьхьа. Таронаш йоцчу доьзалашкарчу зударшна дарба леладора цигахь. Цхьана хенахь берийн поликлиника лаьттина, амма еххачу заманчохь тесна йитина гIишло Магомедова Iайшате дIаелира гуттаренна а. Цуьнан гергарчара а, доттагIаша битаме ялийра и хIусам. 1995-чу шарахь схьайиллина дарбан хIусам Iедалхоша дIакъевлира 2008-чу шарахь. Iедалхоша бехкейира Магомедова дозанал а арахьара ахчанаш эцарна а, экстремистийн "Ал-Къайда" тобанца уьйраш хиларна аьлла.

Ткъа Iайшат тешна яра, гIали юккъерчу латтана тIе цхьаммо бIаьрг биллинийла. Ала догIу, карарчу хенахь масех гIатах лаьтта гIишло ю цу меттигехь дIахIоттийна.

Дарбан цIийнехь болх бинчара дагалоьцу, безачу мехах эцна хилла медицинан гIирсца шаьш оцу гIишлочуьра арадахарх. Цул тIаьхьа меттахь йиссира Магомедова Iайшат. ХIетахь цуьнан догдохар бахьана долуш лазар а карзахделира цуьнан (цхьана дархочух гепатит цамгар тIеяьллера цунна). 2010-чу шеран ГIуран-баттахь кхелхира иза.

"Кавказ.Реалиица" хиллачу интервьюхь Белль Генрихан Фондан координаторо Костерина Иринас дийцина, Магомедова елла 9 шо даьллачул тIаьхьа кино яккха а, цуьнан цIарах совгIат юкъадаккха а шайн Iалашо хIоттарх.

"Белль Генрихан Фондан цхьа проект яра Iайшатца йолийна. Юридикан а, психологин а гIо латтадора оха цуьнан дарбан цIенна. Цомгашчу зударшна дарба лелина ца Iаш, Iайшата тIеоьцура дахаран хьелаш эшначу зударшна а цхьана. Дукха хьолахь уьш бара юьстахчу ярташкара, шайн бакъонаш ца хуу зударий. Муьлххачу а хеттаршца консультаци кхачайора Iайшата царна, церан гергарчаьрца цакхетамаш хилахь а, накъосталла дора".

Iайшат ялале 1,5 шо хьалха еара Костерина Ирина Фонде балха. ХIеттахь дуьххьара Къилбаседа Кавказе - Махачкала хьажийра иза белхан хьокъехь. Дуьххьара кхераелира ша боху Костеринас.

"Кавказах лаьцна сан цхьана а кепара хаарш дацара, оьрсийн хаамашкахь цигахь герзаш детта, нах лечкъабо бахар доцург. Ма-дарра аьлча, хIетахь Махачкалахь и эрчонаш ян а яра".

Магомедова Iайшата ша  йолчу дIайигинера иза буьйса яккха, иштта нисделира иза уллора йовзар а дийцира Костеринас.

"Цхьаъ ду, хьуна проектех дерг хаар. Кхин ду, оцу стеган хIусаме а кхаьчна, денна цо лелориг а, цо хьоьгург а хьуна хьайна гуш хилар – иза кхин ду. ХIетахь кхийтира со, и хIун адам ду. Нахана гIо дина ца Iаш, церан проблемаш шена чухула чекхйохура цо Со цецъяьллера цуьнан доьналлех", - дагатуьйсу Фондан белхахочо.

Цо бахарехь, Магомедова Iайшат дагалоцуш барамаш хIитто Фондан Iалашо йолу дукха хан яра, цхьа хан ца тоьаш Iийнера хIинццалц а.

"Кеста 10 шо дузур ду Iайшат йоцу. Кхи дIатетта йиш яцара, цундела сацамбира оха хIара конференци вовшахтоха".

Iайшатах лаьцна кино яккха Iалашо хиларх а дийцира Костерина Иринас.

"Цкъа ойла хили тхан сайт елла, ткъа цунна дуккха а хан оьшу. ХIунда аьлча, информаци гулъеш а ер яра тхан дукха зама. Ас боху, кино яккхий вай!? ТIаккха карийра тхуна ши гIоьнча: Федоров Александр а, Срапян Елена а.

Со догтешна яра, цара дика кино йоккхур ю аьлла. Цхьайолу филмаш хуьлу официоз йолуш, цхьа пафосе къамелаш а деш. Тхуна ишта хила ца лаьара. Цхьа а пафос йоцуш оьшура. Цхьа адамаллех кино яккхийша элира оха цу шинга. Ца оьшу Iайшатах лаьцна турпалхойн кино яккха а. Тхуна лиънарг: зударех лаьцна кино яккхар, церан дуьхьа Iайшатан къахьегарх а".

Костеринас билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказерчу а, цкъацкъа Оьрсийчоьнан зударшна а Iаламат чIогIа новкъадогIу шаьш лелориг дош цахетар. Цундела церан совгIат а ду цхьанна гIо латточу зударшна лерина:

"Зударша дуккха а мехал гIуллакхаш до, амма цхьангара а баркалла ца хуьлу царна: йа доьзал кхиорна а, йа кхерч лелорна а, йа юкъараллехь къахьегарна а", - боху Костеринас.

СовгIат дала хьалхатеттинчарлахь яра Махачкалахь заьIапхошна лерина кафе схьайиллина зуда а. ХIума довзаран тренингаш дIахьуриг а яра тептарехь. Шен юьртахь некъ тобина зуда а яра хьехош, амма цунах лаьцна информаци Фонде ца кхачийра.

Iайшатах лаьцначу филме хьажа вовшахкхеттера 70 гергга стаг. Царех 50-нна дика евзаш хиллера Iайшат, Костеринас дийцарехь.

"Сан белхан партнеран Айрапетян Иннин аьтто ца хиллера Махачкала ян, ас цунна цхьайолу роликаш йохьуьйтура телефонехула, кхузахь дерг гойтуш.  Ас боху: "Инна, хIара-м конференци яц, кхунах-м тезет хилла оццул шераш дIадевллашехь... Кино а чекхъяьллера, амма нах дагахь бацара дIасабоха. Миллион конференци дIаяхьарх, хIара тайпа хIума наггахь бен хуьлуш дац", - дерзадо шен къамел Костеринас.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный





Москва

«Солнечная Азбука» в особом семейном центре «Семь-Я»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Александр Пушной

"Фактор 2" для трезвых. Группу "Комната культуры" из Барнаула обсудили в шоу Пушного




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)


Янник Синнер

«Янника Синнера очень рано сравнивать с Роджером Федерером» // Тренер мужской сборной России по теннису Игорь Куницын — о главных событиях Roland Garros



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России