Мазалкехь а, Теркйистехь а карийна экспонаташ музейшка дIаелла археологаша
Малашев Владимир коьртехь волчу Къилба Кавказан археологийн тобано эзарнашкахь пхьегIаш, тарраш, шаьлтанаш, зударийн коча а, лерга а ухкурш дIасаелла ХIирийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а музейшка.
"Оха хьалхо Соьлж-ГIала дIахьовсийначу хIуманашлахь уггаре тамаше, исбаьхьа экспонат яра стохка Теркйистехь карийна деши-дети кхелина говран дуьрста. ХIинца оха хIирашка дIаделла Мазалкехь карийна тарраш, шаьлтанаш, чухьожу куьзганаш, зударийн хазалгаш - ерриг а 1200 экспонат ", - дуьйцу экспедицин куьйгалхочо.
7-8 эзар шераш долу шира кешнаш аьхкина экспедицино шина шера чохь, карийна 324 хIума. Мел карийнарг а гойтуш, массех книга арахеца дагахь ву Малашев Владимир. Цо дийцарехь, рогIехь талла езаш ю цуьнан тобан ГIебарта-Балкхаройчоь. Амма талламаш биллина лаьтта Кавказан массо а мехкашкахь.