Шемара цIабалийначу доьзалан декъаза кхоллам
2015-чу шарахь шен доьзалца Шема дIаяхна, даIишхойх дIакхеттачу Туркестанан кIоштарчу вахархочун Мауленов Маратан йоIна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийна. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна гIо латторна бехкейина иза прокуратурано. Аидин жимахволу ваша а набахтехь ву. ЙоьIан воккхаволу ваша а, да а кхелхина Шемахь.