ХIирийчохь Пригородни кIоштан вахархочо йиттина шен нанна
Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородни кIоштан Сунжа эвларчу вахархочо йиттина шен пенсе йоьду хан йолчу нанна. Цу зудчуьнан дезна полице гIо деха. Цул тIаьхьа де-буьйса далале лаьцна зулам динарг.
"Со селхана нана йолчу веанера, цигахь дов делира тхойшинна, и бахьана долуш со полице валийна", - хаам бира цу стага ша левеш.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, шен нанна еттарна дIалаьцна стаг хьалха хан тоьхна хилла ву. Цунна административан таIзар дан мегаш ду.
Доьзалехь вовшашна еттар криминалан зулам долчуьра дIадоккхуш низам тIеийцира Оьрсийчохь 2017-чу шарахь. Цуьнца а догIуш, гергарчу нахана еттарна зулам динчунна таIзар дан догIу 10 эзар сом гIуда тохарца.