ТIеман заманахь Нохчийчуьрчу музейра лачкъийна сурт юхадеана махка
«Iаьрбийн гIамаршкарчу нехан чалма хьарчийначу Татевосян Е.М-н сурт» (автор ву Головин Александр) Соьлж-ГIала юхакхаьчна оьрсийн эскархоша лачкъийна 25 шо гергга хан яьлча. ХIинца иза ду Нохчийчоьнан Къоман музейхь.
"Тхуна иза Третьяковскийн галереяра юхаделла. Иза боккха кхаъ бу, тхо диллина лела махкахь хилла исбаьхьаллин фондаш меттахIиттош. Даккхийде муьлхха а махкара дIаяьхьина хазна цIакхаьчча», - элира музейн директора Асталов Вахас, яздо «Нохчийчоь тахана» агенталло.
«Iаьрбийн гIамаршкарчу нехан чалма хьарчийначу Татевосян Е.М.-н сурт» гайтаме хIоттийна карийна «Третьяковкехь» коллекционерна Подстаницкий Сергейна – цо йовзийтина сурт кхаьчна меттиг. «Ж-95» инвентаран цIе а йолуш, Нохчийчуьрчу музейра лачкъийра иза 1994-1996-чу тIеман шерашкахь.
ТIамо йохийначу Соьлж-ГIаларчу музейшкара вуно дукха дайра суьрташ а, кхийолу къоман хазанаш а, схьакаронза ю тахана а.