Нуьцкъаша маж яьшна шен набахтехь аьлла, латкъамбина Дагестанерчу вахархочо
Терроризмна ахча латтийна аьлла, бехкевинчу Дагестанерчу гIоьналлин "Ансар" фондан хиллачу куьйгалхочо Ризванов Абубакара дIахьедина, ша латточу СИЗО-хь бертаза маж яьшна шен аьлла. Дагестанерчу таIзар кхочущдаран федералан урхаллан (УФСИН) куьйгалхочуьнга а, Талламан комитетан хьаькаме а латкъамбина Ризванос. Цо доьху шен гIуллакхах таллам а бай, Махачкаларчу лоьмар 1 йолчу изоляторан шина белхахочунна таIзар дар, шайгахь хиллачу бакъонел а тIехваларна.
Ризвановс яздарца, байначу беттан 26-чохь Шахлар цIе йолчу изоляторан белхахочо маж дIаяшар тIедожийнера цунна. "Низамашкахь цIано латто езаш ю ас, цуьнан барам ас ларбеш бу, ткъа хIора кIиранчохь маж яшар низамаша тIедиллина дац аьлла, жоп делира ас цунна", - билгалдоккху Ризвановс. Цул тIаьхьа шен куьйгашна гIоьмаш а тоьхна, Гамлет цIе йолчу белхахочуьнга нуьцкъаша шен маж яшийтира Шахлара аьлла, яздо лаьцначо.