ДаIишна 10 миллион ахча хьажийна ши зуда лаьцна Дагестанехь
Терроризмна ахча латтийна аьлла, бехкейина лаьцна Дагестанехь ши зуда, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Талламан комитетан зорбанчаша. Полисхойн версица, интернетехула Шемахь тIемаш бечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхошца уьйраш тасаелла хилла цушиннан.
"Радикалан хьежамаш болуш, царна тIетайначу шина зудчо террорхойн организацина ахчанаш латтош хилла", - аьлла ю Талламан комитетан информаци. Шаьшиннан банкан картанех пайда а оьцуш, 390 эзар сом вовшахтоьхна хилла цара. Дерриг а цушиммо даIишхошна дIахьажийнарг ду 10 миллион сом ахча.