ГIалгIайчуьрчу «Э» центран куьйгалхо Эльджаркиев верна бехкевийриг лаца сацамбина кхело
Москварчу Басманный кхело лаца сацамбина ГIалгIайчуьрчу Экстремизмехула йолчу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верна Картоев Къурайш, хаамбо «Интерфаксо».
Ведда, карош воцчу Картоевна тIебаьхьина Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 105-чу а, 222-чу а артиклаша къастошболу бехк – стаг вер а, низам а дохош герз лелор а.
Интерполехула лохуш ву Картоев Къурайш. «Каравеанчул тIаьхьа шина баттана лаца я, пачхьалкхан дозанал ара иза ваьллехь, Оьрсийчоьнан карвала кхачийна бехкевийриг», - аьлла кхелан пресс-гIоьнчас Царева Юнонас.
ИбрахIим а, Iабдул-Ахьмад а ЭльжуркаевгIар байира Москвахь тапча йиттина кху беттан 2-чу дийнахь. Бехктакхаман дов делла Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьртачу урхаллин кара.