5 стаг велла ХIирийчуьрчу некъахьовзамехь
![5 стаг велла ХIирийчуьрчу некъахьовзамехь](https://gdb.rferl.org/CB6C9E64-4058-49C0-863E-80A481F0F8FB_w800_h450.jpg)
Яхначу буса ХIирийчоьнан Мазалк гIалина гергахь хиллачу некъахьовзамехь делла 5 адам, хаамбина «Кавказ.Реалиига» Къилбаседа ХIирийчоьнан орцан министраллерчу пресс-гIоьнчаллин белхахоша.
Кир кхоьхьучу машенна кIел нисъелла "ВАЗ-2106", фурано ерриг а хьашна и яйн машен.
19-26 шераш ду Жигули чохь вийначу 5 стеган. ГIо тIекхачале дIабевлла уьш.
Некъан инспекцино бинчу талламо гайтарехь, бехке ву шен йоцчу некъан асанна тIеваьлла хилла Жигули лелорхо (кхелхина иза а).