Зуламаш дар алсам ду Нохчийчохь
Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран зерашца, пачхьалкхерчу 35 регионехь лахделла зуламаш даран терахь. Прокуратуран информацица, Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц Оьрсийчохь 2 проценте кхиъна зуламаш дар. Къаьсттина лакхара гойту терахь Нохчийчохь а, Адыгейхь а, Къилба ХIирийчохь а, ГIезалойчохь а.
Зуламаш кIезиг дуьйлу Севастополехь а, Ненецкан автономин гонашкахь а, Дагестанехь а, Омскан а, Калуган а кIошташкахь а, яздо "Новости" агенталло.
Хьалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь коьртачу оьрсийн зуламхойх паспорт хIоттийнера. Полицин статистикаца а догIуш, дукхахдолу зуламаш деш берш балхахь боцу мукъа нах хиллера.
Шо карадеачхьана кеп-кепарчу низам дохош динчу зуламашна лаьцна 680 стаг. Царех 433 тIедогIуш рицкъ долуш ца хиллера. Цхьа дакъа къаьркъа а мелла харцахьа лелаш хиллера. Царех цхьаберш полисхошна дуьххьара карабьхкина ца хиллера.