ХIора Оьрсийчоьнан шолгIа вахархо пачхьалкхера дIаваха лууш ву
Оьрсийчуьра дIабаха лууш бу 35 процент 18 шарера 24 шаре бевлла бахархой. 2009-чу шарера схьа дуьйнна динчу зерийн жамIаша гойту и терахь, "Левада-центран" керлачу хаттамца а догIуш.
Пачхьалкхера дIаваха ойла йолуш, йа дехьабовла кечам бечарлахь цхьа дакъа Путинан агIончаш бу -54 процент. Путинна дуьхьалберш бу 46%.
Оьрсийчоьнан бахархой пачхьалкхера дIабоьлхучу хьоле бахаран бахьанаш ду:
дозанал а арахьа шайн доьзална токхе дахар лахар (45 %);
пачхьалкхера экономикан (40);
политикан хьал(33%)
кхечу пачхьалкхашкара тоьлла медицинан хьелаш (35%)
кхечу мехкашкара деша таронаш (26%)
дозанал а арахьа карьера ян (28%).