Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2020

Маьждигаш а, коронавирус а: дIакъовлур я ца къовлур?

0
Маьждигаш а, коронавирус а: дIакъовлур я ца къовлур?

Материалан автор ю Гафурова Марият

Махачкалара уггар а даккхийчех "Тангим" а, "Ихлас" а цIерш йолу ши маьждиг карантинна дIакъевлина. Хьалха санна неIарш йиллина юьсу вукху маьждигийн. Байначу беттан 29-чохь болх бечуьра сацийра салафитийн "Тангим" маьждиг.

Маьждиган пресс-секретаро Мухаммадов Мухьаммада билгалдоккху, къайлахчу сервисаша я республикан муфтиятан тIедилларца къевлина дац уьш аьлла. Цо бахарехь, доллу дуьненахь а коронавирусна тIехула иккхина паника бахьана долуш маьждиге оьхучара хоьттура, Делан цIа цхьана ханна дIакъовлур долуш дуй-те бохуш.

Мехкан Iедалхоша гул ма ло нах лелачу меттигашкахь бохуш, дIахьедеш хилар чоьте эца Iалашо хилла маьждиган куьйгаллан.

Бюджетан организацешкахь а карантин кхайкхийна карарчу беттан 5-8-чу деношка кхаччалц. Мухаммадов кхеташ вац, пачхьалкхан йоллу урхаллаш болх бечуьра совцош хилча, динан организацеш муха дIакъовлур яц бохуш.

"ШарIан а, хьадисийн а барамашкахь маьждигашка лелачу нахах жоп дала дезарш тхо ма ду. Цундела, цхьана ханна карантинехь совца дохку тхо а, кхиндолчу маьждигийн неIарш йиллина латтош елахь а", - боху Мухаммадовс.

"Тангим" дIакъовларца, цунна тIаьххье Заздоккху-беттан тIаьххьарчу дийнахь шаьш карантинна дIакъовлалуш ду аьлла, дIахьеди Махачкаларчу Колышкинан урамерчу "Ихлас" маьждиго а.

Маьждиган имаман гIоьнчас Исаев Элмурзас бахарехь, Iаламат хала дара царна и сацам тIеэца, хIунда аьлча, дIакъовла резабоцурш а хиларна.

Делахь а, дерриг а маьждиг дIакъовлур ду бохург дац иза. Шен-шен заманчохь муаззина ламазан хенаш кхайкхор ю, маьждиган гIуллакхдархойн йиш хир ю джумIа ламаз дан а. Бакъду, меттигера бахархой чубуьтур бац. "Карантин" аьлла, кехат хир ду неIарехь дIатоьхна.

"Маьждигехь вовшашца хьакхало. Дукха нах оьху тхан маьждиге, къаьсттина адам гулло пIераскандийнахь Рузбане, кхо эзар стаг хуьлу уьш. ХIара доцург а, кхин а кхо маьждиг ма ду кхунна чу догIуш", - дуьйцу Исаевс.

"Бусулба динехь уггар а коьртаниг - адаман могушалла ю, цул тIаьхьа-кхиндерг" бохуш, билгалдоккху цо ишта. Цу тIе боху Исаевс, мехкан Iедалхоша омра ду арахецна, нах гуллучу меттигашкахь дозанаш тоха аьлла. Делахь а, Махачкалара, Къилбаседа Кавказехь уггар а доккхачех лоруш долу, юккъера маьждиг хIинццалц хиллачу рожехь болх беш ду.

Маьждигаш дIакъовла аьлла, сацамбина бац Хасав-Юьртахь аьлла, дийцина гIалин администрацерчу къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу чоьхьарчу политикан декъан куьйгалхочо Генжаев Раджаба. Цо бахарехь, гIаларчу даккхийчу маьждигашкахь микрофончухула дIакхийкхош ду, чохь а совца, гигиена а ларъе бохуш. Маьждигашка оьху адам лахделла дац аьлла хета Генжаевна, цхьаберш масканаш йоьхна хилар доцург, кхин башха хийцам а бац.

Делахь а, дуьйцу Генжаевс, гIалин имамаш юкъа а балийна, WhattsApp-ан месенджерехь кхоьллинчу тобан администратор ша хиларе терра, ша тIедахкарш до, маьждигашкахь дезинфекци ян езаш хиларх, чубаьхкаинчу нехан куьйгаш кхеттачу меттигашкахь: киншкаш, неIарийн тIемаш, ламаз оьцу меттигаш а, ишта кхин дIа а.

"Мел хIуъа дийцарх а, доллу маьждиг дIакъовлар хир дац, хIунда аьлча, кхечу гIаланашкара а, ярташкара а богIу-боьлху нах ламаз ца дича ца бовлу", - аьлла Махачкаларчу администрацин векало Генжаев Раджаба.





Губернаторы России
Москва

Собянин: В Москве открылись новые выездные площадки для регистрации брака





Москва

Открытие восьмого сезона программы «Военные оркестры в парках» в Подмосковье


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал, как прошла акция "Ночь в музее" в Москве



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Юрий Лоза

Певец Юрий Лоза признался, что получает базовую пенсию в размере 16 тыс. рублей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Спартак» обыграл «Рубин» в последнем домашнем матче Джикии

"Спартак" обыграл "Рубин" в последнем матче Джикии

Разгром в Москве и драма в Сочи: «Динамо» без труда сохранило лидерство, но «Краснодар» остался в гонке за золото РПЛ


WTA

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Киев

Независимая политика Венгрии привела в ярость США



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России