Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2020

Оьрсийчоьно баийтина пехашка садоIуьйту гIирс лелорна дуьхьал ю Iамерка

0
Оьрсийчоьно яийтина "Авента-М" ИВЛ аппараташ (пехашка садоIуьйту гIирс) юхалуш ю Iамеркарчу штатийн Iедалша, яздо "Эхо Кавказа" сайто. Аппаратех пайдаэцна бац дарбан хIусамашкахь, уьш дIаехкина латтош яра, хаам бина BuzzFeed хорбан гIирсе бохаман ситуацеш ерзочу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан агенталло (FEMA).


ТIаьхьарчу деношкахь Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а дарбан цIеношкахь шозза цIе яларан бахьанашца велира коронавирусан ун даьлла 6 дархо. Дийцарехь, цIе кхарстаран бахьана хилла "Авента-М" аппаратийн тоькан серий вошахIоттадалар.




Нью-Йоркан а, Нью-Джерсин а штатийн Iедалхоша тIех сов лардаларца юхаелла оьрсийн ИВЛ аппараташ FEMA агенталле. Петербургехь цIе ялар листина жамIаш довзийтинчул тIаьхьа, организацино хьесап дийр ду аппараташца ден долчун аьлла, дIахьедина агенталлехь.


Уралерчу "прибораш" ечу заводехь арахоьцуш ю "Авента-М" аппараташ. FEMA-н векало ТАСС агенталлана тIечIагIдина, Iамерке Охан-беттан юьххьехь кхаьчна бара и пехашка садоIуьйту гIирс аьлла.


Маршо Радионо яздина ма хиллара, Охан-беттан 1-чу дийнахь лерринчу рейсаца Нью-Йоркан Кеннеди цIарахчу аэропорте кхачийна хиллачу медицинан аппаратех а, дегI Iалашдаран барзакъех а, дезинфекцин гIирсех а 660 эзар гергга долларшкахь чот кховдийнера Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штататшна Оьрсийчоьно.  


FEMA-с гайтинчу тептарца, Нью-Йорке кхачийна хилла ИВЛ (пехашка садоIуьйту гIирс) 45 аппарат а, газах ларден 4 эзар М-95 туьтмIаьжиг а (противогаз), 15 эзар респиратор а, куьйгашна дезинфекци ен кочалла а, хирургин каранаш а, медикийн духарш а. 569 эзар 283 долларшкахь мах тIебожийна Оьрсийчоьно.


АВС-н хьосташа дийцарехь, оцу гIирсан доккхахдолу дакъа цхьацца бахьанашца пайден бацара. Масала, ИВЛ аппараташ 220 вольт хиларна, оцу сохьта лело мегаш ца хилла. Химин а, биологин а тIелатарех ларвен М-95 "противогазаша" йоллу юьхь дIахьулъеш хилла, цундела дарбан хIусамашкахь цомгашчу нахаца лело аьтто ца хилла.


Iамеркан администрацин векалша дIахьедина, боллу мохь Нью-Йоркан а, Нью-Джерсин Iедалхошка дIабелла шаьш аьлла. Iамеркахойн дарбан хIусамашкахь пайдаийцирий аш оьрсийн гIирсах аьлла, ABC телеканалан хеттаршна жоьпаш ца делла шина штатан Iедалхоша.


Юьхьанца гуманитаран акци санна бохьуьйтуш бара Оьрсийчоьно медицинан гIирс, президентаца Путинца телефонехула Трампа динчу дехарца. Оцу дIахьедарна тIаьххье Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хаам бира, Iамерко Оьрсийчоьнера и боллу гIирс эцна бу аьлла.


ГIо дарна Оьрсийчоьнна баркалла аьллачу президентана Трамп Доналдна критика йира Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Цуьнан оппоненташа дIахьедира, пропагандан акци дIахьош Кремлан аьтто бина цо аьлла.




 




Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.com — международная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России