Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Нохчийчохь нах лецарна дуьхьал 400 сов стаг митинге ваьллера Страсбургехь

0
Нохчийчохь нах лецарна дуьхьал 400 сов стаг митинге ваьллера Страсбургехь

Iедалхошна оппозицехь болчу блогерийн Нохчийчуьра гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь нах хьийзорна а дуьхьал тахана, Дечкен-беттан 8-чохь Францерчу Страсбургехь митинг дIаяьхьна. Акци вовшахтоьхначех цхьаъ ю, Кавказ.Реалиино яздарехь, даймохк дIатесна Нохчийчуьрчу бахархойн организацеш вовшахтуху Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхашкара жигархой а.

Митинг вовшахтоьхначара мах хадорца, акцехь дакъалоцуш хилла Евробертан мехкашкара 400 сов стаг. Ичкерин байракхаш а, "Стенгахь ву Тепсуркаев Салман? Кхинболу доьза байнарш а?", "Евробарт: нохчийн мухIажарш оьрсийн концлагершка дIахьийсор сацаде #gulagu.net", "ТийнаIар, хIуммаъ цадар=декъах хилар ду", "Нохчийчохь закъалтехь ву 100 стаг: уьш маьршабаха кхойкху оха" тIеяздина плакаташ а дара гулбеллачийн карахь.

Митингхошна хьалха вистхилира Европерчу нохчий Ассамблейн координатор Муртазалиев Аслан а, оцу юкъараллан пресс-секретарь Албаков Шемал а, блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а.

"Европерчу нохчийн Ассамблейно" шуьйра акци дIаяьхьна Страсбургерчу Европан Кхеташонна хьалха. Диъ хаттар дара хьала айдинар: Нохчийчохь нах идор, Оьрсийчоьнан наабахтешкахь Iазапаш хьегийтар, "Мемориал" (организаци Оьрсийчоьно арахьара агент лерина, оцу статусца реза яц "Мемориал") юкъаралла дIайохор, иштта нохчашна Европера Оьрсийчу, уьш лечкъор болчу, цаьрга гIело хьоьгуьйтур йолчу пачхьалкхе депортаци ярна дуьхьал протест", - аьлла Кавказ.Реалиига нохчийн Iедалшна оппозицехь йолчу "Мысли Ислама"ютуб-каналан авторо Белокиев Ислама.

Цкъа а цахилларг дара, аьлла къамел динчо, митингехь хилларг, хIунда аьлча, Европерчу нохчийн Ассамблейно дукха хан яра оцу кепара йоккха митинг вовшахтохаза. Лаа дацара митинг дIаяхьа меттиг Страсбург къастор а - "Европан парламентан шахьар" олу цунах, цигахь ю Европан Кхеташо а, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолу кхел а.

ГIуран-бутт болабелчхьана Нохчийчохь иттаннашкахь лечкъийна бигира Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикийн гергарнаш. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг.

Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Дозанал арахьа бехарш Оьрсийчу дIахьийсорна а, Нохчийчохь нах лечкъорна а дуьхьал митинг хIоттийнера Венерчу Адамийн бакъонийн майданахь. Австрехь бехачу Ичкерин векалша вовшахтоьхначу акцехь дакъалецира 20-х стага гергга. Оцу дийннехь Норвегин Осло гIалахь а хIоттийра изза митинг.





Губернаторы России
Москва

Собянин открыл приемное отделение Морозовской детской городской больницы





Москва

Парадоксы двойного стандарта


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин открыл приемное отделение Морозовской детской городской больницы



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Денис Мацуев

Фестиваль «Денис Мацуев представляет» стартовал в Екатеринбурге




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Московские школьники завоевали медали на Азиатской физической олимпиаде

"Евро-Футбол.Ру": "Спартак" летом купит форварда только в случае ухода Соболева

Прославленный вратарь Икер Касильяс присоединился к кампании Hisense «Ставшие легендой» в поддержку УЕФА ЕВРО 2024™


Ролан Гаррос

Ига Свентек в четвертый раз выиграла Открытый чемпионат Франции по теннису



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


News Every Day

Big 12 commissioner Brett Yormark addresses Arizona Board of Regents, asks for continued investment in athletics



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России