Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Шаьш кадыровхоша дIадигна хилар харцдо нохчийн оппозицин блогеран гергарчара

0
Шаьш кадыровхоша дIадигна хилар харцдо нохчийн оппозицин блогеран гергарчара

Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарчара харцдо шаьш 1едалхоша дIадигна латтор, цуьнах лаьцна цо аьлла ма хиллара масех кIира хьалха, хаам бо Кавказ.Реалиино. Iедалан долахь йолчу пабликашкахь яржийначу видео тIехь цара неIалташ хьежадо бакъонашларъярхошна.

И кхайкхам кхоалгIа бу тIаьхьарчу цхьана кIиранчохь: Халитов Хьасанан а, Закаев Ахьмадан а гергарчара а чIагIдора, шаьш цхьаммо ца лецнера бохуш.

ТIаьххьарчу видео тIехь цхьана хIусамехь хиъна Iаш ву 5 стаг, цара рагI караоьцуш къамелаш до нохчийн маттахь.

Цу нахах цхьамма боху, ша Тумсон ден шича ву Абдурахманов Мовсар. "И цхьа "правозащитники" олуш нах бу. Оцу наха хьийза до тхо, шайн ден неIалт хиларша. Тхо хIокху чохь хIокху паччахьо вуно дика, оьшуш хIума а доцуш, массо а хIуманца гIо а деш, доцчунна цIенош а деш, вуно дика Iаш ду. Пенси а ду луш. Тхоьга бохуш хIумма а дац. Тхо, балхахь верг шен болх беш ву. Пенси догIуш верг, шен пенси а долуш, Iаш ву. Тхо дика Iаш ду, ма хьийза дайша тхо. И "защитники", бохуш долу хIуманаш тхуна оьшуш дацара.  Кхин ала хIума дац сан", - даладо Кавказский Узело цуьнан дешнаш.

Кхин цхьамма олу ша Абдурахмановн ненаша ву, цо элира бакъонашларъярхоша "сагатдан оьшуш хIумма а дац", цхьа Тумсон бат яра сацо езаш, цо хатдоцург дуьйцу… тхо а паргIат дара иза IадIахьара" аьлла.

Видеон кхин а цхьана турпалхочо, ша Тумсон маьхча ву ша боху. Цо неIалт кхайкхийра бакъонашларъярхошна.

Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.

Соьлж-ГIалахь хиллачу пресс-конференцехь Кадыровс лач хьахийра критикийн гергарнаш лечкъийна хиларх, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "блогерша а, бакъоларъярхоша а вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь Кадыровс боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. Нах лечкъор талла аьлла, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъара а бакъонашларъярхой президенте Путин Владимире бовларх лаьцна иштта комментарий йина министро.

Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремлотергал ца дина иза.





Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал об уникальных составах, которые поедут по БКЛ в эти выходные





Москва

Вендор технологических решений DатаРу перешел на сервис кадрового ЭДО от HRlink


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о развитии района Зябликово



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Бато Багдаев

Фестивальный праздник «Музыка моего города» в Улан-Удэ включил в программу спектакль Театра кукол «Ульгэр»: Россия и Культура, Праздник и Дети




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Люберчане стали серебряными призерами всероссийского турнира «Быстрый прорыв»

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"


Уимблдон

«Подача на победу на Уимблдоне». Гвардиола – о заключительном туре АПЛ



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Подмосковная общественная организация инвалидов «Колесница» провела автопробег



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России