Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2022
1
2
3
4
5 6 7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17 18
19
20 21
22
23
24
25
26 27 28 29
30

Саратоверчу набахтехь Рамадан бахьанехь дукха тутмакхашна юккъехь латар хилла

0
Саратоверчу набахтехь Рамадан бахьанехь дукха тутмакхашна юккъехь латар хилла

Саратован кIоштан № 4 йолчу УФСИН-ан набахтера № 7 йолчу тобанехь дов иккхина хан тоьхначу бусулбачу наханна а, криминалан субкультуран декъашхошна а юккъехь. Бакъоларъярхойн хаамашца, конфликт бахьанехь арсашца иккхинчу девнехь вийра цхьаъ тутмакх, итт герга стагана тайп-тайпана чолхенан барам болу чевнаш йира.

Кавказ.Реалиига Gulagu.net проектан хьалханчас Осечкин Владимира бахарехь, конфликт эккхаран бахьана хилла, шайн декъехь Къилбаседа-Кавказернаш болу бусулбачу тутмакхаша Рамадан баттахь дино тIедохку декхарш кхочушдар.

"Дуьххьара дов КIиран-дийнахь делкъана делира. Тхуна ма-хаара, № 7 йолчу тобанан хьалханчас цунах лаьцна хаамбира оперативан декъе, цигара информаци УФСИН-е кхечира. Амма иза мокъа де ду, массо хенахь санна урхаллехь стагга а ца хилла, куьйгаллера цхьа а реакци ца кхаьчна", - дуьйцу Осечкина.

Цо бахарехь, дов доьдуш долуш бусулбачу тутмакха урс схьаэцна, амма иза лелон ца хIоьттина иза. Цунна жоп луш, шайха "блатные" олучара цунна шога таIзар дан сацамбина, шайн таронаш дIагайтархьама.

"Сарахь хилла таллам дIабаьлча ма-дарра летарш дуьйладелира. Гулаган иерархера блатной берш шайн Iедал сийлалле даккха гIерта, цара шога таIзар до цунна тIе куьйг даьхьначунна", - боху Осечкина.

Gulagu.net гIирсан хаамца, арсаш хьекхаран чакхенехь цIий Iенор сацон гIерташ юкъаиккхина волу тутмакхех цхьаъ шина агIонна юкъа а нисвелла, вийна, кхин а итт герга стагана чевнаш йина, лаза а бина. Шиъ – шайн юккъехь конфликтехь дакъа лаьцна бусулба стаг волуш – хьукматера дIавигина чолхечу хьолехь.

Осечкино бахарехь, карарчу хенахь Саратован кIоштера ФСИН-ан централан аппаратера комисси хьажийна оцу хаамашна таллам бан, ткъа стаг верна тIехула бехктакхаман гIуллакх айдина.

"Талламан комитето наггахь бен ца йо иштта оперативе реакци, ткъа оцо гойту, хилларг – иза федералан барамера ЧП хилар", - тIечIагIдо Осечкино.

№ 7 йолчу набахтера конфликтах лаьцна информаци Кавказ.Реалиина тIечIагIйира Саратован кIоштехь болх беш йолу адвоката Алиева Азас. Цуьнан хаамашца, лазийначарна юккъехь ву Нохчийчуьра тутмакх а. 

Саратован кIоштера УФСИН-ан пресс-службехь журналистана официалера комментарий яла ца хIиттира. Саратовн кIоштехула йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь стаг верах лаьцна бина хаам бац карарчу хенахь. 

Масех шарахь дуьйна Саратован кIоштерчу № 1 йолчу пехийн лазарийн УФСИН-ан дарбан цIийне хьийсош хилла тутмакхаш латкъамаш дора, шайна тIехь Iазап латторна, сийсазбарна а. Цига балха хIиттийна болу санитараша а, завхозаша а ФСИН-ан а, УФСБ-н "М" декъера оперативхойн тIедилларца кхинболу тутмакхаш хьийзорал сов, иза камерашна тIе дIаязош хилла. ГIадужу-баттахь Gulagu.net бакъоларъяран проекто Саратован кIоштехь хуьлург гойтуш видеон архив арахийцира. Оцу материалашна тIехула масех бехкзуламан гIуллакх диллира.

Видеош схьаелла ОТБ-1-хь видеотIехьажаран камерийн администратор болх беш хиллачу Белорусин вахархочо Савельев Сергейс, наркотикаш дIасакхехьарна бехкевина исс шо ша чохь доккхуш. Цул хьалха иза Краснодаран махкара талламан изоляторшкахь хилла. Видеоархив гIаръяьккхича Савельевн аьтто белира Оьрсийчуьра дIаваха, хIинца иза Францехь ву политикан тховкIелонга хьоьжуш. Низамехь доцуш компьютеран информацина тIекхачарна тIехула бехктакхаман гIуллакх айдира цунна дуьхьала, лерамашка а велира, амма прокуратурано и гIуллакх сацаде аьлла тIедожийра, иза низамехь ца хиларна.

Европан Кхеташонан Iазапаш юхатохаран комитетан секреиариатехь Страсбургехь хаамбира, шайга ФСБ-н а, ФСИН-ан а йоккха видеоархив кхаьчна хилар, Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь системехь диллина Iазап латторан тоьшаллаш а долуш. Шайн декъехь Краснодаран махкара, Дагестанера, Нохчийчуьра, Гуьржийчуьра, Азербайджанера бахархошна тIехь гIело латторан видеош кхаьчна.





Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал об уникальных составах, которые поедут по БКЛ в эти выходные





Москва

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин сообщил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис «Москва»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Бато Багдаев

Фестивальный праздник «Музыка моего города» в Улан-Удэ включил в программу спектакль Театра кукол «Ульгэр»: Россия и Культура, Праздник и Дети




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Бег — один из самых популярных видов спорта у россиян

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей


WTA

Свёнтек прошла в полуфинал турнира WTA-1000 в Риме



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о энергоэффективной постройке жилья в России



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России