КIиранчохь Къилбаседа Кавказехь шозлагIа теракт юхатохарх дIахьедина ФСБ-но
Кхарачойн-Чергазийчохь теракт юхатоьхна, аьлла дIахьедина ФСБ-но, кху кIирнахь шозлагIа ду иза.
Леринчу сервисийн хаамашца, "пачхьалкхан Iедалан а, къепеларъяран а цхьахйолчу объектехь арахьарчу эмиссаран тIедилларца" терроран акт йан кечлуш хилла волу Оьрсийчохь магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" агIонча ву бохург дIалаьцна Черкесскехь. Лаьцначун цIахь лехамаш дина – цигахь карийна оьккхуьйтург йаран гIирс а, иштта "цуьнан зуламе ламмаш гучубоху кхинйолу материалаш". Бехктакхаман гIуллакх диллина шина артиклана тIехула: "Терактана кечам бар" а, "Терроран цхьанакхетараллехь дакъа лацар а".
Охан-беттан 25-хь ФСБ-но ишттачу къамелаца дийцира Ставрополехь хилла дIалацарх лаьцна – ницкъахоша бохура, "исламист" траспортан объект эккхийта гIерташ хиллера. Цо бехк тIелаьцна.
Коьртачу прокуратурано дахначу шарахь Оьрсийчуьра бакъонан а, низаман а хьолах лаьцна чот арахецна – тIехьоьжучу хьукматан рапортаца а догIуш, Оьрсийчохь юхатоьхна 28 теракт, царах 11 Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а.
Оьрсийчохь адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, сих-сиха тIемалой хиларна бехкебечара кхелашкахь дIахьедо, таллам боьдучу юкъанна шайгара кийтарлонаш ницкъаца яьхна, бохуш.