Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

ГIалгIайчохь батIалхьажойн хIусамех хьийсина, нах а лецна

0
ГIалгIайчохь батIалхьажойн хIусамех хьийсина, нах а лецна

ГIалгIайчохь батIалхьажойн вежараллин декъашхойн цIийнех хьийсина, лецнарш бу. Церан гергарчара чIагIдарехь, герз а, наркотикаш а тийсина царна. Шаьш суфийн шейхан тIаьхье лору батIалхьажой, бакъоларъяран органаша бахарехь, бехке бу цхьа могIа зуламаш лелорна, иштта ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна а.

ГIадужу-беттан 31-чохь ТунгуевгIеран цIийнах хьоьвсина. Ши ваша дIавигира полицин декъе, амма цхьаъ суьйранна цIа ваийтира, шолгIачунна ши тапча а, граната а кхоьсинера, дийцина Кавказ.Реалиига батIалхьажойн вежараллин декъахочо Белхороев Амирхана.

Хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало хаамбарехь, Тунгуевгахь карийна, схьаяьхна лоьлхуьйтурш, Макаровн ши тапча а, иштта царна патармаш а

"Ткъа тахана сан маьхчойн хIусамех хьийсина. Воккхахаволчу Белхороев Ахьмадна граната кхоьсинера. Юккъера ваша, Башир, заьIапхо ву, гIудалкха чохь дIасалелаш. БIаьста хьийсинера цуьнан цIийнах, хIетахь герз теснера цунна, бехктакхаман гIуллакх а айдинера, цIахь лаьцна витира. ХIинца тахана баьхкина, йоллу хIусам тIекIелтеснера, амма герз ца тесна, героин кхоьсина", - чIагIдо Белхороевс.

Дахначу кIиранах цуьнан дена, ГIалгIайчуьра контролан-чоьтан палатин куьйгалхочуьнга Белхороев Мустафага бехк кховдийнера бакъо йоцуш герз латторна. Макаровн тапча карийнера ницкъахошна цуьнан цIахь. Гергарчара чIагIонаш йо, герз цунна тесна ду бохуш. Белхороевца цхьаьна лецира кхин а кхо стаг. Уьш массо а дIасабовлар доьхкуш, лаьцна чохь битина.

Белхороев Амирханан дешнашца, шена дIасавалар дехкарна латкъамбина цо. Лахьан-беттан 8-чохь апелляци луьстур йолуш ю.

БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

БатIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваькххира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера дIаваьккхира. Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а бехкаш дехкира.

2021-чу шеран зазадоккху-баттахь а, 2020-чу шеран товбецан-баттахь а Белхороев Мустафан хIусамех хьийсира. 2020-чу шарахь талламан барамаш цуьнан вешина, республикан Къоман гуламан депутатна Белхороев Якъубна дуьхьал дехкинчу бехкашца доьзна дара. 19 миллион сом дола даккхарна а, ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало яран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим вуьйш дакъа лацарна а шеконашка лаьцнера иза.

2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.

"Единая Россия" партера республикан Къоман гуламан депутат хиллачу Белхороев Яхьян ваша ву Белхороев Мустафа. 2019-чу шарахь шен тIедолу ахча хьулдарна бехкбиллира Белхороев Яхьяна, тIаккха ши шо даьлча депутатан мандатах ваьккхира иза.

2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь герз диттина вийра гIалгIан ЦПЭ-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Цуьнца цхьаьна вийра , цхьахйолчу Москварчу клиникехь лоьран болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларъяран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо иза хилар а, батIалхьажойн цхьахволчу хьалханча -Белхароев ИбрахIим- верна иза бехкехетар а.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин проверил, как продвигается капремонт детской поликлиники №125



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Фёдор Шаляпин

В Уфу на открытие Музея музыки имени Шаляпина приедут почетные гости




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Футболисты ФК «Динамо Пушкино» заняли второе место в межрегиональном турнире Laffy Cup 2024

Росгвардейцы обеспечили правопорядок во время футбольных матчей в Москве


WTA

Соболенко проиграла Свентек в финале турнира WTA-1000 в Риме



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России