Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

Къилбаседа Кавказера тIепаза байначу нехан ах дакъа Нохчийчуьра ду

0
Къилбаседа Кавказера тIепаза байначу нехан ах дакъа Нохчийчуьра ду

2022-чу шеран исс баттахь Нохчийчохь 1598 стаг тIепаза вайна лоруш вара. Къилбаседа Кавказехь байначу нехан ах дакъа ду и. Регионашкарчу полицин главкашкара хаамашна тIехула и зераш далийна Оьрсийчоьнан МВД-но.

ТIепаза байъинчу нехан терахьащца Оьрсийчоьнан регионашлахь кхоалгIачу меттехь йу Москва (2243) а, Москван кIошт а (1762) дIайаьлча. 

Ницкъахойн официалан хаамашца а догIуш, дечкен-гезгмашин беттанашкахь 3122 стаг вара лоьхуш, дайначу шарца дуьстица масех процентана лахделла и терахь. Нохчийчоь дIайаьлча Ставрополан мохк бу (551 лехамашка велларг), тIаккха Дагестан (304), Къилбаседа ХIирийчоь (235 вайна стаг). Къилбаседа Кавказехь уггар кIезга тIепаза байначу нехан терахь ГIалгIайчохь (110 стаг) а, Адыгейхь а (104) ду. 

Оппозицин 1ADAT боламан хаамашца, 2022-чу шеран дечкен-баттера гIадужу-батте кхачалц йолчу хеначохь 281 меттигера вахархо лачкъийра. Масала, жигархойн хаамашца, марсхьокху-баттахь бахьанаш ца дуьйцуш лецира мел кIезга ткъе цхьа стаг.

Нохчийчохь тIаьххьарчу кхаа шерачохь доьза вайна 4 984 стаг. Яккхийчу гIаланашца дуьстича, масала, Москвахь а, Москван кIоштахьчул а дукха лахара дац и терахь. Байнарш наггахь бен ца карочу регионашлахь а "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь вовш волчу 1 700 стагах 20-30 бен карош вац. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал гIоле ду, амма цигахь а хIора итталгIаниг бен карош вац. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан диллинчу хьасташкара зерашна тIетевжина бина и хаам пачхьалкхан "Новости" агенталло.

"Бакъонийн жигаралла" ("Правовая инициатива") проекто довзийтина Нохчийчуьрчу "шолгIачу тIамехь" байначу нахах лаьцна ша йина проект. 330 стагах лаьцна информаци ю документехь. ХIора стеган цIерна уллохь дуьйцу, иза къайлваларан хьелаш. Цхьаболу хаамаш проекте белла гергарчара, кхиберш схьаэцна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан базера.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедора, махкахь къайлаха набахтеш яц бохуш. Масала, шен гIалин бухахь лаьцна латточу наханна лерина ларманаш йац бохура цо. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима къайлахчу набахтех лаьцна дийцира, иза ша хилла цу чохь, Кадыров Iазап латтош дакъалацарх а дIахьедира цо. 

2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан чатан модератор Тепсуркаев Салман. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа. 202I-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.

Марсхьокху-беттан 23-гIа де тIекхачалц бакъоларйархоша Тепсуркаев лаьцна лачкъийнарг санна хьахавора. Амма "Iазапашна дуьхьало латторан Командан" бакъоларйархочо Садовская Ольгас Тепсуркаев вийна, аьлла дIахьедар дира, амма кхин хIумма а ца дийцира оцу хьолах лаьцна. Садовскаян дIахьедарна тIе Кавказ.Реалиино тидам бахийтича, 1ADAT оппозицин боламо тIечIагIдира Тепсуркаевн кхалхар. Иза верна депутат Делимханов Адам а, Нохчийчухула йолчу Оьрсийчоьнан Росгвардин урхаллан куьйгалхо волу цуьнан ваша Шарип а бехкевира цара. Тоьшаллаш ца далийра цара а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Судоверфь в районе Нагатинский Затон заработает в конце года





Москва

28 инвестиционных проектов Туризм.РФ перешли в активную фазу реализации


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Полина Гагарина

Полина Гагарина: «Нет, я не ухожу на пенсию»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В городах России выступят летом юные вокалистки из Приамурья

Сотрудники Росгвардии на комплексе Байконур приняли участие в спортивном мероприятии «Наследники Победы»

«Динамо» возглавило турнирную таблицу РПЛ после победы над «Сочи»


ATP

Рублёв поднимется на шестое место в рейтинге ATP после победы на «Мастерсе» в Мадриде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

28 инвестиционных проектов Туризм.РФ перешли в активную фазу реализации



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России