Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

ХIусаме хьежначул тIаьхьа ГIалгIайчуьра вахархо лачкъийна ницкъахоша, тIаьхьо дIалаьцна иза

0
ХIусаме хьежначул тIаьхьа ГIалгIайчуьра вахархо лачкъийна ницкъахоша, тIаьхьо дIалаьцна иза

ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштерчу Доьлака эвлахь дечкен-беттан 10-хь хIусаме хьежначул тIаьхьа ницкъахоша вадийна вигира меттигера вахархо Атаев Казбек. Дечкен-беттан 16-хь бен гергарчу наханна билгал ца делира и Малгобекерчу ИВС-хь латтош хилар, гIалин кхело и лаьцна латтош сацам бира.

ТIечIагIбина боцучу хаамашца, дуьйцу "Фортангано", Атаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, цуьнан хIусамехь граната карийна, аьлла бехк биллина, зорбанан хьостано бахарехь, и ницкъахоша кIел кхоьссина йу.

Хьалхо Атаевс 17 шо набахтехь даьккхина Басаев Шемалан а, Умаров Докан а куьйгкIелахь Несарана 2004-чу шарахь герзаца тIелатар деш дакъалацарна бехкевеш. Цигахь вийнера, официалан хаамашца, 98 стаг, доккхачу декъанна МВД-н а, ФСБ-н а балхахой. 2021-чу шарахь ша маьршаваьлча даймахка йухавирзира иза, шен вешица телатан тхевнаш а, ремонтийн белхаш а деш леллара и стаг.

Атаевна керла тIаьхьбевлла леларан фабула дукха тера хилар билгалдоккху "Фортанго" Несарахь 2015-чу шарахь тIелатар дарна бехке а йина, чуйоьллина хиллачу Несарарчу йахархочун Чемурзиева Лайлан гIуллакхах. Чемурзиева 2021-чу шарахь маьршайаьккхира, тIаккха 2022-чу шарахь цуьнан цIийна хьийжира, цул тIаьхьа йевзаш йоцучу агIора дIийигира. ТIаьхьо ницкъахоша дIахьедира, цуьнан хIусаме хьоьжучу йукъанна граната карийна шайна. Оцу бехкаца долу гIуллакх кхеле хьажийра лахьан-баттахь, тIаккха дечкен-беттан 11-хь Магасерчу кIоштан кхело талла долийра и. Ша лаьцначул тIаьхьа Чемурзиевас шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедира.

ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан координаторан Атаев Эдуардан гIуллакх талла долийна Дагестанерчу Хасавюртан кIоштан кхело – наркотикаш а, герз а низамехь доцуш лелорна бехкево иза. Цо чIагIдо, низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша кIел кхийсина шена, тIаккха граната нуьцкъаха цунна куьйга йоьллина лаьцначул тIаьхьа. 

2022-чу шеран мангалан-баттахь Ставрополан мехкан кхело тIечIагIбира меттигерчу вахархочунна Суратов Казбекана дуьхьал Георгиевскан гIалин кхело наркотикаш а, граната а лелорна бехкаца гIуллакх а долийна, диъ, ах ше хан тухуш бина сацам. ГIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, тIаккха низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша тийсина шена, бохура Суратовс.

Стигалкъекъа-баттахь къилбан тIеман гонан кхело йаккхийра хенаш йиттина ГIалгIайчоьнан виъ вахархочунна – 18 тIера 21 шерашка кхачалц – 2018-чу шарахь дуьненан футболан чемпионатехь теракт йан гIортарна бехкебеш. Хенаш йиттинчара чIагIдо, тIехь ницкъ а беш, йалийтина шайга кийтарлонаш. ГIуллакхехь граната йу йуьйцуш, доьзало дIахьедарехь, чувоьллинчу цхьаннан вийна волчу вешина ницкъахоша кIел кхоьссина йу иза.

Охан-баттахь ХIинжа-ГIалахь лецира жигархо Исаев Iабдулкъадир, хьалхо оппозицин политикан Навальный Алексейн "Оьрсийчоьнан кадыризацин" дуьхьал йолчу акцехь дакъалаьцна хиллера цо. Ша лаьцначул тIаьхьа Исаев хаам бан кхиира, шена наркотикаш а, граната а ницкъахоша тессина аьлла.

Низамехь доцуш герз лелорна бехктакхаман кодексо пхи шаре кхачалц хан тохар кхайкхадо, низамехь доцуш оьккхуьйтург лелорна – бархI шаре кхачалц.





Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал о строительстве судостроительной верфи в районе Нагатинский Затон





Москва

28 инвестиционных проектов Туризм.РФ перешли в активную фазу реализации


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Судоверфь в районе Нагатинский Затон заработает в конце года



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Оркестр

Оркестр «Серебряные трубы» выступил в Чехове в преддверии 9 Мая




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Динамо» возглавило турнирную таблицу РПЛ после победы над «Сочи»

Московское "Динамо" возглавило турнирную таблицу РПЛ

Заместитель директора Росгвардии генерал-полковник Алексей Воробьев поприветствовал участников патриотического конкурса в Центре спорта и образования «Самбо-70»


Андрей Рублёв

Рублёв стал победителем «Мастерса» в Мадриде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Симферополь

Началась продажа билетов на поезд Нижний Новгород — Симферополь



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России